Нохчийчоьнан муфтина «академик» цIе яларо самукъадаьккхина социалан машанашкахь

Кадыров Рамзан, Межиев Салахь, Даудов Мохьмад

Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь Урдунерчу Iедало «Пайхамаран тIаьхьенийн академин» декъа язварца декъалвина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цул совнах, Межиев ву Дуьненаюкъарчу Исламан Лигин лакхарчу кхеташонан а, Мисарарчу Дуьненаюкъарчу фетваш арадохучу Iеламнехан кхеташонан а декъашхо, аьлла Кадыровс.

«Исламан мостагIашца луьра ву иза, муьлхха а туьтмIаьжигаш цара тIейохкарх а, уьш ма-барра бевзаш», - яздина шен "ВКонтакте" машанерчу агIонтIехь мехкан куьйгалхочо.

Амма машанашкарчу комментаторша билгалдоккху Межиев лакхарчу дешарх чекхваьлла вацар, ткъа Абдурахманов Тумсос а, цуьнан блог ларъечара а беламе доху муфтис деш хуьлу къамелаш.

2014-чу шарахь, Мирзаев Султан муфтин даржера дIаваьккхича, цуьнан метте хIоттийра цуьнан гIовс Межиев Салахь. Ткъа Мирзаев вара, ша даржера вохавалле хьалха, ша Кадыровс даиманенна а мехкан муфти ву аьлла дIакхайкхийна.