Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана харцдина шена юххерчу гонера Iедалхошна юкъахь "зачистка" еш ю аьлла "Новая газето" яздинарг. Цунах лаьцна артикл зорбане яьлла шолгIачу дийнахь Iедалехь хиллачу кхеташонехь и публикаци леррина "кхоьллина хӀума" ду аьлла цо. ЧГТРК "Грозный" телевизионан 58 минотехь хиллачу керланашкахь Кадыровс динчу къамелана хьажийна яра 48 минот, яздо Кавказ.Реалиино.
"И кхоьллина хIуманаш барамел тIехдуьйлуш ду. Церан авторшна хаьа иза эзар процентана аьшпаш хилар! Амма юх-юха а язбо цара уьш. Соьлж-гIалахь цхьаммо а цхьанне а ког а ца хьошу, талораш деш дац, урамехь зуламаш дар дац. Буьйса юккъе яханчул тӀаьхьа а урамашкахь а, паркашкахь а, майданашкахь а даладелла лелаш ду адам", - элира Кадыровс кхеташонехь.
"Билггал цхьа ницкъаш а, церан хьашташ кхочушдон церан зорбан гIирсаш а" Нохчийчоьнна дуьхьал дIахьош бу информацин компани, республикан а, цуьнан куьйгалхойн а вочу агIор имидж кхолла гIерташ, бохура Кадыровс.
Нохчийчоьнна а, цунна шена а критика еш язйечу материалашца къийсам дIабахьа сацам бина Кадыровс, ЧГТРК "Грозный" телевизионах пайда а оьцуш.
Шен гIоьнчина, цу телеканалан директорна Дудаев Ахьмадна тIедиллина цо леррина репортаж кечъяр, "Новая газетан" корреспондентан Милашина Еленин артиклан фигуранташа дакъа а лоцуш, цаьрга шайн хьолах лаьцна дийцийта.
Кхеташонехь дакъалоцуш вара "Новая газетан" версица репрессеш лайна Нохчийчоьнан полицин хьаькам Алаудинов Апти. Шех тешийначу Шуьйтан а, Шаройн а, Итум-Кхьаллан а кIоштIех лаьттачу республикан 5-чу секторехь долу хьал дийцира цо. Алаудиновга вистхуьлуш, Кадыровс "декъал вира" иза юхаварца, "Новая газето" яздинарг къадош.
48 минотехь ша дина къамел забарен эшаре даккха гIерташ, Кадыровс дехар дира Дудаевга, Милашина Еленинан нохчашна юкхахь хIусамда лахий хIума де аьлла. ТIаккха цо "хийца мегара республиках лаьцна даима а вон материалаш язъян болу шен лаам", бохуш вара иза.
Журналисташца цхьаьна Кадыровс критика йира, цо дийцарехь, "эладитанаш даржочаьрна" а. Камери хьалха бехк цабиллар дехийтина ца Iаш, ярташкарчу а, гIаланашкарчу а урамашкахь адамаш сецор ду ша элира цо, цара эладитинаш дуьйцуш хилахь.
Телевизионехула гайтинчу видеона тIехь гуш ду республикан куьйгалхо карзахваьлла хилар. Масала, Кадыровс цкъа а ца йина критика йира меттигерчу парламентан гIаьнтдена Даудов Мохьмадна, шех тешийначу секторехь хаттарш кхочушдарехь тоам боллуш тидам ца барна.
Хьалхо республикан Iедалша, ша аьлча къаьмнашкахула министр волчу Умаров Джамболата а, меттигерчу чоьхьарчу гIулакхийн министран хьалхарчу когаметто Алаудинов Аптис а, аьллера "Новая газето" язйинарг "фейк" олу харц материал ю аьлла.
Дагадоуьйту. ГIадужу-беттан 14-хь "Новая газето" арахийцира Милашина Еленас язйина йолу артикл. Цу тIехь лецна хиларх дуьйцуш дара Кадыровн Рамзанан юххерчу гонера лаккхарчу даржашкара нохчийн Iедалхой.
"Новая газето" дийцарехь, "зачисткана" юкхахь хилла ву Устрада-гIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрехIим а, цуьнан гергарнаш а, гIаролхой а, республикан орцаллан министраллан (МЧС) хилла куьйгалхо Яхъяев Руслан а, парламентан хилла депутат Магомаев Шемал а, хьуьнан бахаман министр лаьттина Мулаев Дикмохьмад а, социалан блокан гIуллакхашкахула вице-премьеран даржехь хилла Вайханов Халид а, мехкан некъан полисхойн (ГИБДД) хьалханча лаьттина Денилханов Шамхан а, ткъа иштта полицин инарла-майор Алаудинов Апти а.