ХIун къуьйсу вовшашца Нохчийчуьрчу хьаькамаша?
Советан Iедалан заманахь кег-мерсачу битамаша гойтура Малхбузерчу политологашна, муха хийцалур ю Москвара политика. Мила мича охьахуу рогIерчу Политбюрон кхеташонехь тергалдича, кхеташ хуьлура хинболу хийцамаш.
И кеп лела тахана Нохчийчохь. Шен кхеташонехь Iедалхойх хьаьнца, муха къамел до Кадыров Рамзана тергалдича, хаало, мила стенга «охьаваьккхина», «хьалаваьваьккхина», «вожор ву» цо.
Оьрсийчоьнан президентца Путинца Малхбале вахана леллачуьра ша цIа кхоччушехь, кхеташо хIоттийра Кадыров Рамзана. Цигахь цо шена бовзийта элира, ша цхьа хан хьалха мохк 8 декъе а боькъуш, царна тIехIиттийначу куьйгалхоша бина болх.
Мохк буьззина шен куьйга кIел лаца гIерта Кадыров, тидира оцу кхеташонан маьIна тергамчаша.
Секторийн куьйгалхоша рогI-рогIехь дийцира шаьш баьхначу кхиамех лаьцна. Бина болх массара а бузура Кадыровн цIарца, къамел дола а дора, чекх а доккхура цуьнан цIе хьахош.
КХИН А ХЬАЖА: Шаьш-шайна - мидалшДина гIуллакхаш довзуьйтучийн могIарахь волчу цхьана хьаькамна, уггаре шена герга ларалучу стагна, Кадыров резавоцийла хаалора кхеташонехь – парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна.
Ткъа Даудовс аьлларг дацара сел цатал хIума – Куьршалан кIоштахь газах жоп лучу белхахойн проблема шега листалур ю аьлла ца хета шена, бохура цо. Оцу дешнашна оьгIазвахара Кадыров. Махкахь шел тIаьхьа кхоалгIа стаг ву ала тарлуш волчу хьаькаме кхочуш муха ца дало, веккъа оцу цхьана хьаькаман цIе а йохуш, кхечу муьлххачо а дендерг, цецвуьйлура мехкан куьйгалхо.
ЖамI – сектор дIаяьккхина Даудовгара. Цуьнан метте хIоттийна итт шарахь "Газпром межрегионгаз Грозный" компанина коьртехь лаьтташ волу Баймурадов Лом-Iела.
Ша Даудовс ца къадийна шена хIун хета хиллачух, социалан машанашкахь сацавелла, Кадыров рогIехь хаста а вина, цул тIаьхьа Шелан кIоштахь субботник муха дIадаьхьира а дийцина.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин цхьана белхахочуьнгара «Кавказ.Реалиина» хиира Кадыровн гонехь «массо а вулавелла Iаш» хилар. «Цхьа а вац хиндерг хууш. Цхьа Даудов хилла ца Iа вуьйцург, Кадыровн берриг а го бу булабелла Iаш, цхьанне а ца хаьа оьгIазалла хьанна тIеюжур ю рогIехь», - элира хьостано.
КХИН А ХЬАЖА: Ройзман: Кадыровс шен го цIанбар бакъ хила тарло«Нохчийчоьнан куьйгалхо вен бохкура» аьлла, хьехо баьхна хьаькамаш буьйцуш а бацара Кадыров даржах ваккха гIерта цхьа къайлах нах боху хабар даьржича. «Керлачу Газетерчу» журналиста Милашина Еленас йиллира и тема дуьххьара, леца мега Кадыровна «гонахара нах а, церан гергарнаш а», аьлла.
Газето дийцарехь, массарел хьалха «куьйга кIел» нисбелларш бу Устрада-ГIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрахIим а, цуьнан гергарнаш а, ха а, орцан министр Яхъяев Руслан а, парламентан депутат Iийна Магомаев Шемал а, хьунан экс-министр Мулаев Дикамохьмад а, вице-премьер хилла Вайнахов Халид а, мехкан некъан полицин коьрта хьаькам Денилханов Шамхан а, иштта, полицин инарла-майор Алаудинов Апти а.
Нохчийчуьрчу телевизионо сихха тидаме ийцира газето яздинарг, Милашинас мел буьйцучу «карчамхошка» къамелаш а дойтуш. ХIораммо а харцдира шаьш хьахош яздинарг. Амма оцу «Грозный» ТВ-н программо кхоьллира керла шеконаш.
Вацара программехь Милашинас массарел а дукха валхош волу Устрада-ГIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрахIим. Махкарчу бахархошна хетарехь, «маьрша вац иза» шена хетарг ала. Бакъду, Темирбаевс а, цуьнан гоно а шайца лелийна харцонаш дагаоьхучу гIалин бахархоша ца йоккху и цIе доглазарца.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровна "тешнабехк бинарш" лецна НохчийчохьВацара программехь гойтуш я вуьйцуш Гаибов Идрис а. Парламентан депутат лаьттина волу иза тахана а дац хууш стенгахь ву, цунах хIун хилла.
Кху беттан 4-чохь араяьллачу програмехь хIора а хьаькамо бохура, ша-ша балхах мукъаваьлла, садоIуш ву ханна. Ткъа депутат лаьттинчу Магомаевна ца карийра нах тешшол ала хIума – ша шена яьккхина садаIа бакъо, шо ду мукъа волу, 19 шарахь бина ша болх, тоьур ду, бохура.
Кадыровна «тешнабехк бан кечбелла хиллачех» цхьаъ ву шен балхахь – чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс, Итон-Кхаьллан, Шуьйтан секторх жоп луш волу Алаудинов Апти. Цо интернетехула халкъе мухха а хаамаш бахь а, цуьнан «гIуллакхаш дика дац» аьлла хета махкахь наханна.
КХИН А ХЬАЖА: Бакъ дуй те Кадыров даржах воккху бохург?Дуьйцучу деношна юкъанисделира Кадыровн уллера доттагI Вимурадов Абузайд вина де – иза баккхийчу хьаькамех массара а вира декъал, амма ца вира Алаудиновс. Оцо а гIовттина бахархошлахь хеттарш.
«Кавказ.Реалиино» къамел шайца динчу нохчех массо а бац хьаькамаша «тешнабехк кечбина хилла» бохучух тешаш, амма массара а боху, цхьа «кхеташбоцу болам» баьржина Кадыровна гонах.
Цхьайолчу хьостанаша чIагIдарехь, я Кадыров ша, я иза ларвеш долчу декъан (официалехь – Росгвардера «Терек») куьйгалхо Висмурадов ву «тешнабехк» листа болийнарг.