"Ца оьшу гергарнаш"

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама дIахьедар дира, Нохчийчохь нах хьийзош бац гергачара Ичкерин агIор тIом беш хилла аьлла. Цунах лаьцна Iедалхочо дIахьедар дира ЧГТРК "Грозный" телеэфирехь Хьалха-МартантIехь маьждигехь гулбеллачу, дикторо бахарехь, "герзаца къайлахалле дIабаханчеран" гергарчу нахана хьалха вистхуьлуш.

"Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура, шена дуьхьал тIом бечу нехан доьзалш жоп дала дезаш бац цунах олий. Байинчеран гергарнаш харц некъа а бевлла уьш бекхам бан араболийта йиш яц вай. [Нохчийчуоьнан куьйгалхочо] дехар дира, шу дерш схьа а гулдай, шоьга алахьара аьлла Кадыров Рамзанан доьзалхойн йоллу бакъонаш а, декхарш а шун а хиларх лаьцна", - элира Делимхановс гулбеллачаьрга.

Нохчийн Республикехь экстремизм лелорна бехке бинчу нехан гергарнаш хьийзорах лаьцна хаамаш гучубовлар "дакъа ду Нохчийчоьнна дуьхьал дIахьочу информацин тIеман", бохура сюжетехь.

"Информацин тIеман дакъа ду низамашца йогIуш йоцчу тобанийн декъашхой хиллачу гергарчарна болх ца ло, социалан гIоленаш ца йо, иштта дIа кхин а бохург. И адамаш дукха хенахь дуьйна хилла юкъараллин дакъа, церан бераш доьшуш ду школашкахь а, лаккхарчу доьшийлашкахь а, ткъа церан гергарнаш а, беза-бевзарш а вайна юкъахь бехаш бу", - бохура корреспонденто.

"Нохчийчоьнан масштабашка ца кхуъу цхьа а"

Сюжетехь каде ца хьахош дитира шолгIа тIом дIабирзинчул тIаьхьа къайлаха лелачу тIеман тобанех дIакхеттачеран гергарчу нахаца доьзна хаттар.

Церан гергарчу нехан цIенош, дагадоуьйту, дагадо, ткъа доьзалш республикера арабоху сихонца гулбинчу "халкъан гуламан" сацамца. 2008 а, 2009 а шерашкахь Соьлж-ГIалахь лелхийтарш динчул тIаьхьа Устрада-гIалахь дагийра цIенош. 2010 а, 2011 а шерашкахь изза дира къайлаха лелачу тIемалойн тобанех дIакхетта аьлла шайна хетачу кегийрхойн гергарчера хIусамашца а.

Цу хенахь дуьйна цIерш тийсар алсамделира. 2014-чу шарахь Соьлж-ГIаларчу зорбан ЦIенна тIелатар динчул тIаьхьа дагийра цунна декъа бу аьлла шеко йолчу нехан гергарчеран 16 цIа.

Вуьшта, таIзар даран кеп санна цIерш тийсар леладора Нохчийчохь Кадыров Рамзан республикан куьйгалхо хIоттале хаьлха дуьйна. Цо юкъа ца яьккхира и практика, амма цо кхиира иза.

2004-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIахьедар дира жоьпалла тIемалойн гергарчарна тIехь хилла ца Iаш, церан лулахошна тIехь а ду аьлла. Цул тIаьхьа меттигерчу Iедалан ницкъаша дагийра Ичкерин тIеман ницкъийн могIаршлахь кийсам латточу тIемолойн доьзалийн ши цIа. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Human Rights Watch-о арахецначу дIахаийтарехь.

Бакъонашларъярхоша дагадоуьйту: тIелетарш я лелхийтарш дарна бехке бу аьлла шайна хетачу нехан доьзалш хьийзор къастаман башхало ю Кадыровн политикан, цу тайпа таIзарш дар ша къобул дарх лаьцна дIахьедарш дина а, иза даре кхайкхамаш бина а волчу.

ТIемалойн гергарчу нахана тIаьхьабевлла лелар а, республикера нах арабахар а, цIенош дагор а ду Нохчийчоь къастош дерг йисинчу Къилбаседа Кавказахь, боху "Центр анализа и предотвращения конфликтов" олучу вовшахтохараллан директоро Сокирянская Екатеринас: "Дагестанехь а ю цу тайпа факташ, амма Нохчийчуьрчу масштабашка ца кхочу цхьа а. Соьга алалур дац низамашца йоцчу тIеман тобанийн гергарчу нахана репрессеш йина, амма ас маситта зудчуьнца къамел дина, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш хIусамдай а байина бисинчу.

Царна луш дац социалан ахчанаш, цхьаболчарна хьехар дина бераш берийн бешара дIадига аьлла. ТIемало гIараваьлла мел хуьлу а алсам хуьлу Iаткъам бар".

Сокирянскаяс дийцарехь, Шемара цIабизинчу зударшка хьажар муьтIахьара ду шолгIачу тIамехь дакъалаьцначу тIемалойх бисинчу зударшка долчул а, хIунда аьлча шолгIачеран хIусамдай ма бу "кадыровхошна" дуьхьал тIом бинарш.

"'Ца оьшучарна' луьра Iаткъам бу беш"

Кадыровн Iедална герга йолчу нохчийн бакъонашларъярхочо Саратова Хедас билгалдаьккхира, сюжетехь буьйцурш тIамехь дакъалаьцначу нехан гергарнаш хилар, тахана экстремизм лелийна хила мега аьлла шеконехь берш а боцуш.

Саратова Хеда: "Делимханов Адама боху НВФ тобанийн декъашхойн гергарнаш жоьпаллехь цахиларх лаьцна, уьш маьрша баха йиш йолуш хиларх лаьцна - иштта дан а ду иза. Буьйцурш бу тIом бина, амма герз охьадиллина нах, цхьацца зуламаш дан гIерта нах а боцуш. Дагош дац цхьана хенахь тIом бинчу нехан цIенош. Нагахь дагийнехь а иза дора билггал тIом чекхбаьлча зуламаш динчу нахана дуьхьал".

Human Rights Watch вовшахтохараллан Оьрсийчоьнехула программин директор йолчу Локшина Татьянас дагадоуьйту республикехь лела юкъара жоьпалла: "ШолгIа тIом – тIом санна – дукха хенахь дуьйна дIабирзина. Кадыровн амнистешна юкъабахана нах а, церан гергарнаш а, бакъдолуш, хьийзош бац, нагахь Нохчийчуьра Iедалш царна реза цахилар гучу ца далахь. Амма юкъара жоьпаллан принцип Нохчийчохь болх беш ю. Доккхачу декъана иза бахьана долуш лаьтташ ю Кадыровн режим.

Къайлабевллачеран гергарчу нахана а, Iедална критика ечу нехан гергарчарна а, кхин болчу "ца оьшучарна" а луьра Iаткъам бу беш, шайна юкъахь лечкъор а, эшнаш беш гуш-хезаш камери хьалха бехк цабиллар доьхуьйтар а долуш".

Кхеташ дац Делимхановс нахаца и цхьаьнакхетар хIинцца хIунда вовшахтоьхнера.

"Адамашна рогIера Iаткъам бар хила а мега иза, меттигера Iедал церан дола деш ду, ткъа уьш (Iедалхой) го бина бу Нохчийчуьра хьал чолхечу даккхар Iалашонца цу Iедална саццаза луьйш болчу мостагIаша", – боху Локшинас.