ДАIИШ-о тоьшалла дина ал-БагIдади вийна хиларх

«Исламан пачхьалкх» шех олучу террорхойн тобано бакъдина шен лидер ал-БагIдади Абу Бакр кхелхина хилар. ДАIИШ-на герга йолчу Amaq агенталло тIечIагIбина хилам.

Iамеркан ницкъаша Шеминний, Туркойчоьнанний дозанехь дIаяьхьначу операцехь вийна иза. Президента Трамп Доналда бинчу хаамца, ша-шен эккхийтина ал-БагIдадис.Ткъа иза волу меттиг хаа аьтто баьлла цуьнан гонерчу нехан гIоьнца.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло кхаарийдийнахь гайтина операци дIахьош даьхна суьрташ а, видео а. Царна тIехь гуш ду Iамеркан эскархой ал-БагIдади ву аьлла лоручу меттигна гергагIерташ, ткъа уллехь болчу даIишхошна тIе герзаш детта кеманаша. Видео чохь го, тIе бомба тоьхча, цIийнах Iаьржа кIур болуш – оцу чохь хуьлучух тера ду ал-БагIдади.

1971-чу шарахь Иракъерчу Самаррехь вина ал-БагIдади Абу Бакр. Бусалба дин Iамийна вара иза. 2004-чу шарахь лецира Iамеркахоша, цо шайна дуьхьал зулам дина аьлла. Мукъаваьллачул тIаьхьа жихIадхойх дIакхийтира иза, церан коьрте хIоьттира 2014-чу шарахь. Иза хьалха а волуш, ДАIИШ-о шен долаерзийра Иракъан а, Шемин а яккхий территореш.