Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа дIахьедина, туркойн къайлахчу сервисийн аьтто баларх "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин хиллачу лидеран ал-БагIдади Абубакран хIусамнана лаца. Кхааридийнахь Хонкарахь ша вистхуьлуш бина цо и хаам.
"Шемахь караеана цуьнан зуда. Оха цунах лаьцна хьахийна а дацара, ас дуьххьара официалехь дIакхайкхош ду хIинца", - аьллачу ЭрдогIанан дешнаш далийна "Новости" агенталло.
Ишта туркойн президенто тIечIагIдина ал-БагIдадин йиша а, цуьнан цIийнда а карадар а.
Карарчу беттан 1-чу дийнахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу террорхойн тобано бакъдира шен лидер ал-БагIдади Абу Бакр кхелхина хилар.
Iамеркан ницкъаша Шеминний, Туркойчоьнанний дозанехь дIаяьхьначу операцехь вийра иза. Президента Трамп Доналда бинчу хаамца, ша-шен эккхийтина ал-БагIдадис.Ткъа иза волу меттиг хаа аьтто баьлла цуьнан гонерчу нехан гIоьнца.
1971-чу шарахь Иракъерчу Самаррехь вина ал-БагIдади Абу Бакр. Бусалба дин Iамийна вара иза. 2004-чу шарахь лецира Iамеркахоша, цо шайна дуьхьал зулам дина аьлла. Мукъаваьллачул тIаьхьа жихIадхойх дIакхийтира иза, церан коьрте хIоьттира 2014-чу шарахь. Иза хьалха а волуш, ДАIИШ-о шен долаерзийра Иракъан а, Шемин а яккхий территореш.