Халиф Iелих тарвина шен да Кадыровс

Кадыров Ахьмад а, Кадыров Рамзан а

Артиклан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Саидов Тимур

Республика а, юкъаралла а кхиорехь цхьа шайн, башха некъ лоьху нохчийн Iедалхоша. ТIаьхьарчу масех шерачохь оцу керлачу дуьне довзаран бухехь нохчийн куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан васт ду цара латтош.

"Легитим" халкъера ю?

Керлачу идеологица а догIуш, дерриг а нохчийн къоман "маьршачу" лаамна тIетовжийна хила дезаш ду. Иштачу масалх цхьаъ ду, 2003-чу шеран Заздоккху-баттахь референдум а кхайкхийна, Оьрсийчоьнан субъект ю Нохчийчоь аьлла, Конституци тIеэцар.

Официалан статистикан зерашца, 96 гергга процент харжамхой резахилира Конституци тIеэца. Документан автор вара, хIетахь президент хилла Кадыров Ахьмад. Бакъду, йозуш йоцчу бакъонашларъяран организацеша къовсаме дехира референдуман жамIаш.

Цкъа делахь, хала ду низамех дийца, референдум регионан конституцехь билгалъяьхна йоцчу органаша вовшахтоьхна хиларна. ШолгIа делахь, хIетахь шога дIахIоттийначу контртерроран операцин режимо дозанаш дара тоьхна дехьа-сехьа вала а, митингаш, йа гуламаш хIитто а. КхоалгIа, референдум дIахьочу хенахь Нохчийчуьра 100-200 эзар гергга мехкан вахархо тIемаш бахьана долуш махкара араваьлла вара.

Референдум дIаяхьале бинчу хаттамо гайтарца, бахархойх 12 процент бен реза ца хиллера кхаьжнашкахь дакъалаца.

"ХIетахь гIалахь деса дара, Катаямерчу харжамийн декъе Iуьйранна дуьйна веанарг верриг а 7 къано бен вацара", - дагалоьцу "Мемориалан" белхахочо Сокирянская Екатеринас.

Харжамаш дIахьочу меттигера Юсупова Лидас информаци кхачийра: "Лоьмар 7 йолчу школехь кхаьжнаш тийса баьхкинчу нехан раьгIнаш ю аьлла, телехьожийлехь хаам ма биннехь, тхо катоьхна цига хьовса дахара. 5 стаг бен кхин цхьа а са а дацара цигахь. ДIа ладоьгIча, тхо цига тIекхачале Гантамиров Бисланан нах хиллера цигахь гулбелла, цара хIоттийна хиллера рагI а".

Цхьа интересе эксперимент йина хиллера францхойн журналисташа: масийттазза Соьлжа-ГIаларчу цхьана харжамхойн декъе а оьхуш, юх-юха кхаьжнаш тийсина хиллера цара. Цхьаммо а паспорт хоттуш а ца хиллера цаьрга, йа царна оьрсийн мотт ца хууш хилар а цхьаммо чоьте оьцуш а ца хиллера.

Нохчийчоь мел ю куп тоьхначу иттаннашкахь эзарнашкахь эскархоша жигаралла гайтина хиллера харжаман дийнахь. Республикерчу кIошташкахь а, ярташкахь а тIетаьIIина "зачисткаш" дIахьочу муьрехь "референдум" деккъа дIа моттаргIане хIума дара.

Делахь а, дуккха а шераш дIаихча а, "халкъан харжам бара и" бохуш, Iедалхошна дийца бахьана дитира цо. Иштта оццу кепехь хаьржира 2003-чу шеран ГIадужу-баттахь Нохчийн Республикан президент а.

Нахалахь лело политика

Кадыров Ахьмад дуьххьарлера президент вара бохуш, Нохчийчоьнан бахархой тешо гIерта. Иза "дуьххьарлера" вара олу даим а меттигерчу хьаькамаша шайн официалехь телевизионехь а, радиохь а, хаамашкахь а дечу къамелашкахь.

"Дуьххьарлера" боху дош тIехь дисина даьлла Кадыров Ахьмадна, цхьа дарж йа чин долуш санна.

Делахь а кхеташ дац, Нохчийчоьнан куьйгалхой ларар 2000-чу шарера схьа хIунда ду.

Цкъа делахь хууш ду, йозуш йоцчу Нохчийчоьнан - Ичкерин истори таханалерачу Iедалхоша низамехь дацара и бохуш, лоруш цахилар. Дош ала хIуттуш вац даймахкахь цхьа а президентех Дудаев ЖовхIарх а, Масхадов Асланех а, ишта кхи дIа болчех а.

Мухха делахь а, Советан заманахь а ма бара нохчий республикан урхаллехь, ткъа Нохчийн Автономин кIоштан куьйгалхо вара Эльдарханов Таштемир.

Кадыров Ахьмадан васт берашна а цхьана марздеш ду. Лахарчу классашкара схьа дуьйна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь декхаребо уьш Кадыров-воккхахволчух лаьцна дийцарш яздан, цунах лаьцна байташ кхолла, иллеш ала. Кадыров Ахьмад дагалоьцуш классашкахь сахьташ дIахьо. Книгаш язйо цунах лаьцна, Iилманан белхаш яздо цхьа шеконе хаамаш юкъа а балош, цуьнан суьрташ дIаухку пачхьалкхийн урхаллашкахь а, хьукматашкахь а. Юкъараллехь цуьнан васт даржош, карладоккхуш кхуллуш музейш ю, школашкахь стендаш, кхин а масане ду аьш. Массо а махкахь мел хIотто барам болош а, берзош а баркаллаш баха деза дена а, кIантана а. Оццул бертаза леладойту хIума дезаш тIеоьцийла а яц.

Массо а аьлча санна, ярташкахь Ленинан цIарх мел хилла урам хIинца Кадыров Ахьмадан цIарах бу. Иза вина, кхиъначу эвлан цIе а цхьана хийцина Ахьмад-юрт аьлла. Бахархошна муьлххачу а барамехь кхачош долу гIо Кадыров Ахьмадан фондан цIарах ду олий, дIакхайкхош ду. КадыровгIеран култ чIагIъеш ю Нохчийчохь, гуш ма-хиллара.

Хетарехь цхьанна кIезиг хетта, Кадыров легитиме хиларан шеконаш йолу референдумаш а, харжамаш а тоьшалла хилар, оьшуш хилла иза эвлаяийн могIаре ваккха а, Дала къастийна вара бохуш, билгалдохуш.

Дуьххьара тешон гIиртира, Кадыров Рамзанан дай суьпа нах бара, XIX-чу бIешерашкахь нохчийн суфийн шейх лаьттинчу Кишиев Кунта-Хьаьжин уллора агIончаш хилла бу а бохуш. Оцу тIехь сацийнера.

"Республикан, регионалан йа федералан тIегIанера стаг вацара Нохчийчоьнан Хьалхара Президент, Оьрсийчоьнан Турпалхо Кадыров Ахьмад- Хьаьжа. Дера вара иза дуьненахь а гоьваьлла Iеламча, динан да", - яздинера нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада, пачхьалкхан исторехь Кадыровс дIалоцу меттиг билгалйоккхуш.

Ткъа хIара дешнаш цуьнан кIентан ду: "ВаллахIи вара иза хиндерг хууш стаг. АллахIа вазвинчех вара иза". Шен да "дуьненчохь а вевзаш, Iелам стаг" а, "дуьненахь а ларош гоьваьлла политик" а вара бохуш, тIечIагIдо кIанта.

Шен эпитеташца а, дустаршца а кхин а гена волу Кадыров Рамзан. ТIаьххьарчу шен вистхиларехь, цо билгалдаьккхира, шен дас лайнарг, 4-чу халифо Iела ибн Абу ТIалиба шен хенахь лелийначуьнца дуьхьалхIотто тарлуш ду аьлла.

ХIора шарахь Кадыров Ахьмад вина де билгалдоккхуш, цуьнан сийнна лерина барамаш хIиттабо махкахь: дозанал а арахьара Iеламнах а кхойкхий, дуьненаюкъара исламан конференцеш хIиттайо. Денна лерина хьаладеш маьждигаш, хьуьжарш, хьафизийн школаш а ю.

Дуьхьала жамI

"Кавказ.Реалии" портало хеттарш динчу бахархоша шаьш дуьхьал дац боху, кху заманан исторехь Кадыровн оццул дакъа ду аьлла, Iедалхоша билгалдаккхарна, амма шаьш кхеташ дац боху цара, хIора цхьа сахьт дIа мел долу стенна оьшу телевизионехь цунах лаьцна дух-духа дийца.

Шен доттагIашца цхьана кест-кеста бегашца къийсало шаьш боху Устрада-гIаларчу вахархочо Супьяна, нохчийн телевизионехь керлачу хаамашкахь масозза цIе йоккху Ахьмадан хьовсуш.

"Шен дай безачу нахах схьабевлла бу бахарца, Нохчийчоьнан куьйгалхо гIерта нохчийн юкъараллехь шен нах цхьа къаьстинчу, леринчу статусе баха, цундела мега шена хIуъа а дан а, лело а бохуш санна. ШолгIа аьлча, Гергарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь урхалла дечу Iарбойн династех тарвала лаарца. Цаьрца юкъаметтигаш а дIатесна цо шен, тIаккха цо а, цунна хетарехь, бакъо лур яра Кадыров Рамзанна Iарбойн эланашца, шейхашца цхьана могIарехь хила аьлла, хьажам бу Москвахь вехачу Iазраилан.

Европехь ехачу Сардалова Раянас боху, хIоразза а ша Нохчийчу яхча цецйолу ша, массо а хIума Кадыровн цIарца доза гIерташ хиларна. Цунна хетарехь, цхьа шога, луьра тIедожадо хьуна и дерриг а, цундела лараман метта Ахьмадах а, цуьнан кIантах Рамзанах а бIаьрг боду шен боху цо. Цхьа лардамза а, осала а хета-кх и дерриг а генара хьаьжча, боху Раянас.