Нохчийн меттан а, цуьнан бакъонийн а дошам арахеца дагахь бу Нохчийчохь

Нохчийн меттан а, меттан бакъонийн а йоккха дошам Нохчийчохь арахеца сацамбина аьлла, хааме даьккхина республикерчу синбахамаллин министраллан пресс-гIуллакххоша. Мотт Iалашбан а, кхион а хьесапца мехкан куьйгалхочуьнгахула кхоьллинчу экспертийн кхеташонан цхьанакхетарехь бина ишта барт.

Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Байсултанов Идриса дийцина, нохчийн литературан мотт кхиорехь яккхий проблемаш лаьтташ хиларх. Цо бахарехь, кIезиг пайдаоьцу маттах белхан меттигашкахь а, чохь-арахь буьйцуш а, хьаькамаша дечу къамелашкахь а.

"Цхьа кеп юкъаяккха еза, я орфографин дошам кхолла оьшу нохчийн маттахь географин гIишлойн а, урхаллийн а, ишта кхин дIа йолчу меттигийн а цIераш нийсаяздархьама", - боху Байсултановс.

Ишта мехал ду аьлла, тIетоьхна Iилманчас, берашна лерина нохчийн маттахь литература алсам арахецар а, нохчийн маттах зорбанашкахь дуккха а публикацеш Iораяхар а.