Эльджаркиев верца доьзна шеконашка эцна 40 стаг

ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим а, цуьнан ваша а вер толлучу юкъанна, талламчаша шеконашца 40 стаг билгалваьккхина, хаамбо ТАСС агенталло шайн хьосташна тIе а тевжаш.

"Москварчу Басманан кхело дIалаьцна 9 стаг воцург а, лаца кхайкхийна кхин а 30. Талламчаша зуьйш ду церан бехк хилар", - аьлла, дийцина агенталле церан хьостано.

Ишта ТАСС хьостано хаамбарехь, оршотан буса 11-гIа толлучу гIуллакхан фигурант лаьцна.

"Оздоев Алихан ву лаьцнарг, иза динчу зуламна гунахь хиллий толлуш, белхаш бу дIахьош Москвахь а, ГIалгIайчохь а", - аьлла дуьйцучо.

Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Москвахь дира зулам. ГIалгIайн «Э» центран буьйранчица Эльджаркиев ИбрахIимца цхьаьна вийра цуьнан ваша, Москварчу цхьана клиникан лор Iабдул-Ахьмад.

Юристаша бахарехь, цIий Iанийна нах «Э» центрехь хьийзор а, беттанаш хьалха БатIал-Хьажин тIаьхьенах волу Белхароев ИбрахIим вер а доькхуш.