Мила яра Окуева Амина: иза елле хьалха эцна интервью (видео)
Your browser doesn’t support HTML5
Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аяков Арсена хаамбина шен урхалло «киллерийн тоба» лаьцна аьлла. Цара динчу зуламашлахь ду Донбассерчу тIамехь дакъалаьцна йолу Окуева Амина ер а. Оьрсийчоьно президентана Путин Владимирна терроран тохар дан араваьлла хилла бохуш, бехкевечу Осмаев Адамца, шен майрачуьнца, Киевна гена доцчу шайн цIа уьш боьлхуш, герзаш туьйхира церан машенна тIе. Осмаев лазийра, Окуева йийра тIелеттачара. Хьалхо Осмаев Адама элира, шайна динчу зуламна бухахь «Оьрсийчоьнан лар» го шена. Министра Аваковс бахарехь, 2017-чу шарахь и зулам диначара дIакхоьссина хилла герз, иза хIеттехь схьакарийна полицина. Герза тIехь дисинчу куьйгийн томмагIаша аьтто бина Iедална зуламхой бовза. … Видеоно дагадоуьйту, мила яра Окуева Амина, муха бара цуьнан кхетам, лехамаш.