Гадаев Мохьмад-Салахь. КIанта нене яздина кехат

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. КIанта нене яздина кехат



Гадаев Мохьмад-Салахь

КIанта нене яздина кехат

Пекъар-яI!
Декъаза хьомсар сан нана!
Овдетташ, чов санна, Iийжа-кх
хьан дог.
ГIайгIане къурдаш беш
гIел ма ло, нана,
Сан бахьнех яз ма йиэ
баланийн бог.

Замано лелхийн вай собар дицделла,
Хийла хьакъдоцу дIовш ахь а мели.
Ойлано хьовзийна, вахар дазделла,
Хийла кIант хеназа шел а вели.

Со-м вайчаъ даций, хIай,
даккхийчех зулма.
Селла хьайн дегIана
хорам ма бе,
Дог дахар сийлахь дай
дог дуьллучул-м,
Вовшийн вай гур але,
Дог теший Iиэ.