Орца деха да воцу нохчийн гара

Бакухь ООН-ан векалтна хьалха митинге бевлла нохчийн мухIажирш

Материал язйинарг Романова Софья

20 шо хьалха даймахкахь тIом иккхича дIабахана нохчийн мухIажирш хIинца а шаьш болчахь дIанисбалаза бу. Пачхьалкхо тIе ца лаьцна уьш, ткъа мухIажиршна гIо латточу дуьненаюкъарчу организацино дIахьедина, царех доккхачу декъанна шаьш хIинццалц кхачош хилла гIо а кеста сацор ду аьлла. ТховкIело йоцуш, балха хIитта бакъо а йоцуш арахь бисина нах кхеташ бац, шаьш муха хене довла деза.

Карарчу шеран Чиллан-бутт болабелчхьана Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу Лаккхарчу комиссаран урхаллан (УВКБ) Бакурчу гIишлона хьалха хIора денна вовшахбеттало нохчий. ЮНИСЕФ-а деллачу мандатийн бух тIехь оцу пачхьалкхехь беха уьш, карахь плакаташ а доцуш, цхьалхха лаьтташ хуьлу гIишлона хьалха.

ТIейлгIучу заманчохь царех 25 хIусамна хIинццалц делла ахча дIасацош ду. Организацин меттигерчу декъехь хаамбина цунах лаьцна. ХIинццалц схьа а Бакухь дIатарбеллачу 370 нохчийн мухIажирех цхьа дакъа бен дацара гIо хуьлуш. Ткъа луш долу ахча а цхьа наггахь бен ца тоьара шаьш лаьцначу хIусамах дIадала, дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Азербайджанерчу нохчийн диаспоран векало Молаев Рамазана.

Цо бахарехь, ООН-ан векалто 20 шарахь латто безаш бацара мухIажирш. "Ахчанаш кхийдочул а, дуьненаюкъарчу конвенцица а догIуш, кхечу пачхьалкхашкахь дIанисбан безаш хиллера нах, - боху Рамазана. – Ткъа хIинца варзапна а, нуьйжана а юкъахь дисина тхо: кху пачхьалкхехь даха бакъо а йоцуш, я орцах вала стаг а воцуш".

"ТIехь дисина мухIажиралла"

ХIокху 20-х шерачохь Азербайджанехь цхьанхьа а доцуш дисина шаьш боху нохчаша. Цхьана билгалзачу статусехь ду церан бераш а, берийн бераш а.

"Оха ца боху, тхайна ахчанаш дахкийта. Дуьненаюкъарчу низамо ма бохху, я кхузахь интеграци яйта езаш хиллера тхоьга, я кхечу махка дехьадахийта дезара. Ткъа кхузахь со кхеташ хIума дац тахана а", - оьгIазе дуьйцу Молаевс.

Бакура ООН-ан векалтан гIишло

Бакухь йолчу УВКБ олучу хьостане претензеш ю нохчийн мухIажирийн, ООН-е яц. Цхьана а кепара некъаш лоьхуш дац цара боху Молаевс, шайн гIуллакхах цхьа йист яккхархьама, "кхана-кхана" бохуш, дIатоьттуш латтош ду боху шайн гIуллакх.

"2007-чу шарахь 4500 стаг вара тхо. Тхоьга олура, шу дукха ду, оццул адамна гIо дан ницкъ кхочур бац шайн. Ткъа тахана 370 стаг бен вац тхо, хIетте а боху тхоьга: "Тоьар ду! Шайн хьаштдерг де!", - дуьйцу Рамазана.

" УВКБ-хь официалехь дIахьедина, цхьанхьа а цхьа а тIеоьцуш вац аьлла"

Меттигерчу Лаккхарчу комиссаран урхаллех гIоьртина дисира боху Молаевс, нохчийн мухIажирш Ирланди дIакхалхочу программех пайда шаьш цаэцар.

"2008-чу шарахь дара иза, я 2009-чу шарахь дара, тхоьга официалехь хаийтира цхьанхьа а, цхьа а тIелоцуш вац аьлла. Суна ца хаьа, и бакъ ду я дац, амма тхайчарех цхьа а вац цига дIахьажийна. Ас боху церан белхахошка, дуккхаъчу мехкашкахь нах дехьа-сехьа бохуш программаш ю тIеэцна, тхо церан каралойша. Цара жоп ло: "ХIан-хIа, цара тIеоьцуш бац мухIажирш" бохуш, билгалдоккху Рамазана.

Ткъа оцу пачхьалкхашца шайца дийца, нах оьшу юкъалела, боху мухIажиро, шайн гIайгIа-бала Европерчу нохчийн диаспорашка бийцина шаьш аьлла, билгалдоккхуш.

Бакурчу ООН-ан векалтна хьалха денна вовшахбетталуш, латта дагахь бу нохчийн мухIажирш.

Митингехь лаьтта нохчий

Азербайдажнерчу УВКБ-н администрацица телефонехула зIене велира "Кавказ.Реалиин" корреспондент, хIоьттинчу хьолах комментари эшна. Официалехь шайга кехат даийта аьлла, жоп делира урхаллан векало. Ишта цара дIахьедира, митингхошна дуьхьал цхьа а белхахо хIунда ца волу аьлла, оха деллачу хаттарна жоп дала хьакъ волуш цхьа а белхан меттигехь стаг вац аьлла.

Рамазана бахарехь, оцу хаттарна царна-м жоп делла дуккха а хан ю. "МухIажирийн кхеташонца, я цхьана векалца бен шаьш къамел дийр дац" аьлла, дIахьедина кхаьрга.

Дуьненаюкъарчу а, бакъонашларъяран а организацешка меттигерчу нохчаша 20-х сов кехат дIакхачийна. ХIинца Iалашо ю церан, мехкан урхалле орца деха, цхьа 10-15 доьзал мукъна а тIелацахьара аьлла, боху нохчийн диаспоран векало.

"Тхуна ца оьшу тхайна къаьстина гIаланаш. Тхайн куьйгашца къа а хьоьгуш, напха латто лаьа тхуна. Нагахь санна, цхьана эвлахь четар тоьхна, суна къа хьега латтан дакъа а делла, охьахаийча, гIадвахна Iийр вара со аьлла хета суна", - боху Молаевс.