Your browser doesn’t support HTML5
ХIусамдайша терго йоцуш дитина ков-керташ схьадаха деза аьлла, тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шахьаран мэран декхарш кхочушдечу Хаджимурадов Iийсага дина цо цу кепара дIахьедар: я шан кертийн дола дайта цаьрга, я цаьргара дакъош схьадохуш, кехаташ хIиттаде аьлла.
И хаттар дийцадаьккхина хиллера туристашна лерина гIалин хатI битаме далор дуьйцучу юкъанна. Дуккхаъчу керташкахь тIеман хенахь гаьргаш йиттина, дохийна кевнаш ду доьгIна хIинца а хийцаза, де дийне хазъечу гIалин фонехь уьш товш дац аьлла Кадыровс.
Кхи цхьа проблема а ю кхузахь боху республикан куьйгалхочо, "шайн меттигаш дIатийсина нах тIап аьлла байна", уьш схьакарон а дац хIуммаъ атта. Соьлжа-гIалин мэрина а, ницкъаллийн структурашна а тIедиллина хIусамийн дай схьалахар. Уггар хьалха шайн инспекци гIали юккъера йоло Iалашо ю Iедалхойн.
Архитектуран а, гIишлошъяран а пачхьалкхан хьукматийн компетенцехь ду, хьалаян кечйинчу гIишлойн хатI шайна ма-хетта хилийта, амма лаьттахь динчу цIенойн хатI бахьана долуш, бахархошкара меттигаш схьайохийла дац аьлла, билгалдоккху "Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Пискунов Дмитрийс.
Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедиллар – "бахархойн долара бахам а, ахча а схьадоккхуш, харцонан а, низамдохоран а масал ду".
Нохчийн Iедалхошна дакъош оьшуш хила там бу, элас Потемкина кечйинчу эвлашкахь санна, куц дархьама боху юристо.
"Нагахь санна, шайн кевнаш тодан, я керланиш хIитто бахархойн таро яцахь, Рамзан Ахматовича сагатдан деза цаьргарчу хьолана. Регион кхиорхьама экономикан хьал дIанисдан деза, нахера бахам схьа а ца ийзош",- аьлла, билгадоккху Пискуновс.
"Дац нехан ахча"
Меттигерчу бахархойн шайн хIусамаш битаме яло аьтто цахиларх дийцира Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президенто Кутаев Руслана а: "Тоххара шайн керташ кечйина хир яра, нагахь санна адамийн карахь ахча хиллехь. Керла гIишлош, туька, я, масала, хазаллин салон хьалайийр яра цара цигахь. Дац нахехь ахчанаш! Iедалехь болчу жоьлкашкахь ду ахча, ткъа бисинарш халла хене бовлуш бу. Зулам ду, сийдоцург а ду – адамашкара церан бахам схьабаккхар".
Кутаевс бахарехь, "хьаъа а, хIуъа а дахь а, нохчийн латтанаш а, хIусамаш а, церан бахам а юхабала дезар ду": "Iеха ма лойла уьш. Хено къастор ду дерриг а".
Дуьххьара дац боху Кутаевс Iедалхой нехан керта гIертар: "Бахархошкара цIенош, петарш, латтанаш схьадаха гIиртира хьалха Соьлжа-гIалахь а, йоллу республикехь а".
"Царна дерриг а мегаш ду, дийнна урамаш ду цара дIахьоькхуш"
"Кавказ.Реалии" портало хеттарш динчу Нохчийчоьнан бахархоша билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан низамашца бIостане хилар Кадыровн тIедиллар. Делахь а, тешна бу уьш, низамаш хьешарх цуьрриг а уьш шекбевр цахиларх.
"Нехан долара меттигаш муха схьаяха дагахь бу уьш? Муьлхачу низамна тIетевжар бу уьш?", - хеттарш до Соьлжа-гIалин яхархочо Хадижата.
"Делахь а царна дерриг а мегаш ма ду, дийнна урамаш ду цара дIахьоькхуш, "Сити" хьалаян, шайн бизнес чIагIъярхьама. Хаьа суна-м, ков-керт цIена латто деза, цуьнан Iуналла дан а деза, амма бакъо яц цаьргара бахам схьабаккха. Къоладар ду иза, харцо а ю", - аьлла хета 40 шо долчу зудчунна.
Шайн кертахь шайна луъург дан хIоранна а бакъо ю боху 25 шо долчу Рамзана: "Нехан керта а вахана, царна хьехарш дан, бахамах дан дезарг дийца цхьаннан а гIуллакх дац. Царна шайнна дика хуур ду. Цуьнан гIуллакх ду иза. Мэрин бала болуш хIума дац".
Iедалхоша юьхьарлаьцначо мел а нахана стимул лур ю, цаьрагара меттигаш схьайохур яц аьлла, дегайовхо ю 31 що долчу Iабдуллин: "ГIали чохь суна цкъачунна гина яц цара боху гIад дайна керташ. ГIалин юьстах хила мега, амма цо цигахь хилла вац. Оцу хIусамийн долахой кхера а бина, цаьрга катоьхна шайн керташкахь цIано яйта юкъадаьккхина хIума хила тарло аьлла хета суна".