Нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона дина тIелатар толлур ду аьлла, дегайовхо ю бакъонашларъяран "Мемориал" центран.
"И зулам хиллачу пачхьалкхан Iедалхоша таллам а бина, стенгара схьа ю лараш къастор ду аьлла, тешна ду тхо, кхузахь ишта а дерриг хууш делахь а", - аьлла бакъонашларъярхоша еаридийнахь.
"Мемориало" дагадоуьйту, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна товш воцчу стагана хIара тIелатар дар дуьххьара цахилар. Кхелан сацамашкахь тIечIагIдеш ма-хиллара, киллерш Нохчийчуьра схьахьийсош бу аьлла, тIетоьхна бакъонашларъяран центро.
"Кремло мага а могуьйтуш, Кадыровс массарна а хезаш дIакхийкхадо, нохчийн Iедалхошна критика йийраш "байа, набахте хьийсабе" бохуш, аьлла "Мемориало" шайн дIахьедарехь.
Карладоккху, Чиллан-беттан 26-чу дийнан сарахь, Европехь веха оппозиционер-блогер Абдурахманов Тумсо вен гIоьртина. ТIелеттачун, йиттина охьавиллина а волуш, видео а яьккхина, ша яржийна Абдурахмановс.
Карарчу хенахь блогер дарбан хIусамехь ву, хаамбо бакъоларъечу "Вайфонд" организацино.
Абдурахманов Тумсо вехачу петара чуваьлла вевзашвоцург цхьана кепехь, вижина Iен хIусамда, жIов тоьхна, вен гIоьртина иза, амма ца ларавелла. Самаиккхинчу Абдурахмановн кадаьлла дуьхьало ян а, цул тIаьхьа полици кхайкха а.
ЦIийлахь Iуьллу Абдурахмановс яьккхинчу видео чохь иза вен веанарг. Ша Москвара кеманца кхаьчна блогер вехаче, боху цо, дуьйцу ша зуламна араваьккхинарг Соьлжа-ГIалара Iабдурахьман хиларх лаьцна.