ПIераскана Соьлжа-ГIалахь а, Нохчийчоьнан Шуьйтан кIоштахь а дIабаьхьина 2000-чу шарахь Басаевн а, Хаттабан а тобанех леташ Псковрчу дивизин 6-гIачу ротин бIаьхой балар дагалоцу барамаш.
Уьш дIахьош дакъалаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс а, цуьнан гоно а, беллачу оьрсийн салтийн гергарчара а, Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан куьйгалхочун гIовса Турчак Андрейс а, Оьрсийчоьнан десантан эскарийн буьйранчин гIовса инарлас Купчишин Виктора а.
Меттигерчу бахархоша, махкахь къиза тIом лайначу халкъах цадеша Iедал, дагалаца безарш тIемаша хIаллакбина маьрша нах бара, эскархой бацара, бохуш емалбо дIабаьхьина барамаш, хаамбо "Кавказский узел" портало.
"Оцу десантхойн гергарнаш кхуза а кхуьйлуш, кхузахь тезетан барамаш латтор – иза халкъ цаларар ду, оцу салтийн цIерш кхузахь урамашна тахкар а, царна кхузахь жIараш хIиттор а санна. «Дикачу» федералаша "къизачу" тIемалойх халкъ мукъадаьккхира, бохуш, дуьйцучу туьйранех бераш теша тарло. Амма лелларг хIун дара, муха дара, эскарш мел къиза хьийзина кхузахь дика дагадогIу бахархошна», - аьлла "Кавказский узел" портале Соьлжа-ГIалин яхархочо Залинас.