Политик Немцов Борис вийна 5 шо кхачарна лерина барамаш дIабаьхьина шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь. Алссам наха дакъалаьцна Москварчу гуламехь.
Страстной бульвар тIера Сахаровн майдана кхаччалц некъ бечу наханна гонах бара дуккха а полисхой. Гуламхойх дIакхета луург воккхура кхерамзаллина хIоттийначу гIирсан кевнах чекх, толлура цуьнгахь ерг.
Дагалецамийн барам кхайкхийначийн декъахь яра «Яблоко» парти, «Солидарность» болам, ПАРНАС, «Мемориал», Навальный Алексейн коррупцина дуьхьалоен фонд, кхийолу юкъараллаш. Бараман коьрта лозунг яра «Немцов вейтинарш набахте кхачон беза».
Оьрсийчоьнан юкъара проблемаш, адамашкара бакъонаш дIаяхар, политика бахьанехь нах лецарш хьехочу лозунгашлахь бара кавказхойн гIайгIанаш а. Нехан карарчу плакаташа маршо йоьхура Ростовхь лаьцна кхобучу меттигерчу жигархочунна Шевченко Анастасияна а, Дагестанерчу журналистна Гаджиев Iабдулмуминна а, гIалгIайн жигархошна а.
Москвара барам шуьйрра гайтина, видео YouTube а хIоттийна «Дождь» («ДогIа») телеканало.
Хьехайора гуламхоша Нохчийчоь а. Юристан Айвазян Артеман карахь дара «Мел дахлур ду иза?» плакат. Цо дийцира, ша дуьхьал ву «Кадыров Рамзана нохчийн къоманна узурпаци ярна», аьлла.
«Адамна оьшучу цивлизацин, демократин битамаш банне а бац Нохчийчохь. Оцу хьелашкаш къиззалла, куралла гойту, Немцов вейтар зуьйш лаца кхайкхийначу Геремеев Русланан гергарчу стагана пачхьалкхо совгIат даларо [сенаторна Геремеев Сулиманна Путинан омрица мидал ялар - ред]. Талламчаш бахана Гереммев Руслан лаца, амма, гой шуна, «цо неI схьа ца йиллина»! МогIарчу нохчочуьнца ишта ловзар ду Iедал! Дац дера», - бохура журналисташка Айвазяна.
Оппозиционер Немцов Борис вийра Кремлна гергахь 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу дийнан сарахь. Иза верна бехке а вина, набахтешка хьажийра массех нохчо. Амма каронза, таIзар данза буьсуш бу зуламна нах арабаьхна хьаькамаш, уьш а беза леца, жоьпе ийзо аьлла хета Немцовн накъосташна а, гергарчарна а.