ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Саламова Елена
"Дагестан кхиоран корпорацино" пошме зийначо цхьана а хIуманна ца Iамийна ГIалгIайчуьра накъостий
Your browser doesn’t support HTML5
ГIалгIайчохь дукха хан йоццуш хаам бинера керла инвестицийн ши проект кхочуш ян ларам бу шайн аьлла. Царах цхьаъ ю Оьрсийчоьнан Къилбехь дуьххьарлера берийн подгузникаш йон завод. Цуьнан мах бу 750 миллион сом. ШолгIа проект ю Китайхь а, Нидерландашкахь а йохка нехча а, кхин долу шурин сурсаташ кечдон завод (иза ян мел ахча оьшур ду цкъачунна хьахийна дац).
Хьалхарчу заводо белхан меттиг лур ю 76 стагана, шолагIчо – 60 сов. Карарчу хенахь болх лоьхуш ву ГIалгIайчохь 24 эзар стаг. Болчу хаамца, республикехь 2016 шарахь кхоьллинчу "ГIалгIайчоь кхиоран корпораци" (Корпорация развития республики Ингушетия) компанино кхочуш йийр ю и проекташ.
Цу корпорацино кхиаме проекташ кхочушйина аьлла хаамаш кхаро аьтто ца белира. Цуьнан сайта тIехь тIаьххьарлера хаам бу бина 2018-чу шарахь.
"2017-чу шарахь цу корпорацино хьахийнера цу кеппара проекташ ян дагахь ша хиларх лаьцна. Уьш яра "Кедр" а, "Риал" а заводаш а, "Строймаркет" махбаран комплекс а. Инвестицин картана тIехь и проекташ а, хIинцца кхайкхийна шурин сурсаташ а, подгузникаш йон а заводаш ярца йоьзна проекташ а йоцуш ю.
Кавказ.Реалиино хаттар динчу эксперташна хетарехь, ГIалгIайчуьра корпорацино лелориг ду луларчу Дагестанерчу "Дагестан кхиоран корпорацино" лелош хилларг. Цуьнан болх буьйцуш экономисто Дохолян Сергейс элира, "вуно тамашийна компани" ю иза аьлла. Цу корпорацина дуккха а хача хьажийнера, амма хууш дац цо цу ахчанах пайда муха эцна, бохуш вара говзанча.
КХИН А ХЬАЖА: Цхьанне а ца хаьаелла министралла
Шеконца хьоьжу экономист "ГIалгIайчоь кхиоран корпорацино" дуьйцучуьнга а.
"Хьайн нехча а эцна Голландин рынке вала цига хьажо дезар ду ГIалгIайчоьнан бюджетца дуста мегар долуш дукха ахча", - боху цо. Дохолян шеко йолуш ву баккъалла а оцу агIор цхьаъ далур ду бохучух. Гарехь, проект кечъяран тIегIанна ахча схьа а эцна, иза дIа-схьа а декъна, кхин дIа дерриг а кхиамца дицдан лаам болчух тера ду цигахь, бохуш вара иза.