Север.Реалии
Your browser doesn’t support HTML5
Цхьалха пикеташ лаьтта Оьрсийчуьрчу регионашкахь. Церан декъашхой реза бац Конституци хийцийта, Путин Владимирна президентан даржехь Iан мега хан дIаяхъяйта. Оьрсийчоьнан къилбаседанехь а, малхбалехь а лаьтта хьал довзуьйту Петебургехь, Вологдехь, Псковехь, Архангельскехь, Калининградехь хиллачу Север.Реалиин корреспонденташа.
Петербург
Конституцин хийцамаш къобалбинчу гIалин парламентна хьалха могIарахь лаьттара пикетна рагI лаьцна нах. 7 стаг вигина царех полице. Ткъа «Цхьаьнакхетта демократаш», «Гавань» юкъараллийн хьалханча, муниципалан депутат Кузин Сергей полисхоша лецира пикеташ юьйла а ялале. Шаьш бехачу цIенойн учашкахь, чуьра арабовлуш лецна цхьаберш, масала, муниципалитетан депутат Кунин Василий а, «Открытая Россия» боламан жигархо Кучерова Лариса а.
Дукха хьолехь лецначарна полисхоша бехке дехкина цкъа хан хьалха цара дина боху, шаьш-шайггара кхоьллина къепедацарш. Кхиберш бигина пикеташкара, уьш магийна боцчу гуламехь лаьтта бохуш, кехаташ а хIиттадеш.
Петербургерчу парламентехь Конституцин хийцамаш къобалбина 38 депутато, духьал кхаж тесна веамма.
Хийцамашна дуьхьалволчу депутата Резник Максима дийцира «Север.Реалиина» шен коллегаша бинчу харжамах лаьцна. Иза цец ца вуьйлу тесначу кхожан жамIах, дукхахболу депутаташ шайна шаьш духьал хилахь ен йолчу репрессех кхоьру, «Iедало дуккхаза а гайтина шена резавоцчунна ша таIзар муха до», элира цо.
"Iедал, халкъера дIа а даьккхина, Путине луш ду. ХIинца иза официалехь до. Халкъе Iедал кхачийта мегар дац бохург ду иза. Лоллехь ду халкъ. Наханна хьашт дац Iедал, цунна Iу веза шена тIехь, боху цара. Со реза вац цуьнца. Муьлххачу а диктатурано санна, бала бохьу цара халкъанна. Путин ву доллу зуламаш юкъадаьхнарг, моттаргIанаш лелош волу Путин. Иза сихха дIавахча дика дара пачхьалкханна», - Резникна хетарехь.
Псков
Парламентна хьалха гулбелира Псковера пикетхой. Ткъа депутаташ оцу юкъанна бийцаребеш Iара Конституцин хийцамаш. 17 стаг вара пикетна рагI лаьцна.
«Муьлхачу пачхьалкхехь пхоьазза президент лаьттина цхьа стаг? Со дуьхьал ву дахар бахкабеллачу ишалх тардайта, суна лаьа президент керланиг, хьекъалениг хоржийла», - бохура меттигерчу вахархочо Максимов Александра.
«Дан дуьсург хьара бен дацарна» ваьлла ша пикете элира «Север. Реалиига» гIалин думин депутата Пермяков Дмитрийс.
"Цхьалха, репрессех а кхоьруш, парламентна хьалха пикете вийла бен ца дисина. Кху парламенто сайн дог дохдеш сацам бийр боцийла хаьа суна. Делахь а ца довлу вай ара ца дийлича, халкъанна хьалха, пачхьалкхана хьалха юьхьIаьржа ца хила гIерта-кх», - бохура Пермяковс.
Уллехула тIехбуьйлучу бахархоша куьйгаш кхийдадора пикетхошка, машенашкахь боьлхучара сигналаш еттара.
"Вайн хиндерг лачкъош бохку уьш. Сан мехкан кхане ю аш лачкъош ала веана со. И цара юьйцу «обнуление» юкъаялахь, цхьа а дика дац вайна хила. Путинна хетарехь, цуьнан долахь мохк бу Оьрсийчоь», - аьлла хаийтира ша пикетехь стенна лаьтта меттигерчу жигархочо Кузьмин Николайс.
Калининград
Iуьйрана 9 сахьт даьлча бевлира пикете калининградхой.
«Хийцамаш тIеэцар – иза доккха зулам ду. Дупутаташна хьашт дацара и къа шайна тIелато. Церан эхь самадаларе догдоху ас, царех цхьаберш юристаш а ма буй, шайга дойтуш лаьттарг зулам дуйла а хууш», - элира меттигерчу «Яблоко» партин декъашхочо Перевозчиков Алексейс.
"Калининград-мехкан дума хьалхо яьлла кхаьжнаш тесна, хийцамаш къобалбина. Компартин а, «Оьрсийчоьнан патриоташ» партин а цхьаболу декъашхой дуьхьал хилла. И хийцамаш тIеэцар – Iедал доладаккхар ду», - аьлла мах хадийра Конституцин хийцамийн регонерчу «Яблокон» декъан жигархочо Горбунов Виктора.
Архангельск
«Кхачош йоцу протест» боламан жигархой бевллера Архангельскан парламентан майдана. Жигархочо Чесноков Юрийс, шена спектакль хета Конституци хийцарца лелориг, элира «Север.Реалиига».
"Со пикете ваьлла, Конституцина юкъа хийцамаш бахкарх бахьана а дина, Путин кхин а 16 шарна даржехь соцуш хилар Iаьткъина. ХIинца ма-дарра гучудели хIилла. Сайн а, сайн берийн а кхене Путине дIахьашийта ца лаьа суна», - аьлла дийцира ша пикете валаран бахьана Чесноковс.
Хийцамаш кхоже буьллучу дийнахь ша гIур ву кхаж таса, бохура цо. Цунна гарехь, бойкот пайде яц.
Вологда
Меттигерчу парламентан неIаршкахь пикетан рогIехь лаьттара 5 вахархо. Шина сахьтанна яхъелира пикет. Йирзира лецна нах боцуш. ТIаьххьара пикетхо вара Тарасов Дмитрий. Цо шен са човхийна бохура «хийцамаша».
"Сайна бетах тIара тоьхча санна хета суна. РогIехь тоьхна тIара. Путин Медведевца даржашца хийцалуш лелар а ца делла суна диц. ХIинца массо а кепехь хуьйцуш ю Конституци – керла махинаци ю иза. Тхешан пикето парламентан лаам галбоккхур боцийла хаьа тхуна, делахь а тхайн а дуйла кийрахь дог, хаийта арадевлла тхо», - элира Тарасовс.
Хийцамаш тIеоьцучу дийнахь массо а нах бовла беза кхаьжнаш таса ара, дуьхьал таса беза кхаьжнаш, бохура пикетехь латта баьхкинчара.
«Кхетамчохь мел волу Оьрсийчоьнан вахархо дуьхьал хила веза Конституцин хийцамашна. Ма-хуьллу агитаци лелор ю царна дуьхьал», - элира «Яблоко» партин декъашхочо Соколов Макара.
Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь Пачхьалкхан Думин кхеташонехь Путин Владимира, конституцин кхел реза хилахь, ша дуьхьал вац кхидIа а президентан даржехь виса, элира. Оццу дийнахь Путин президент даржехь Iийна хан "ноль тIе охьаялор" къобалдира Думано.