Колонехь ницкъбина нохчийн тутмакхна аьлла, дIахьедо бакъонашларъярхоша

Ангарерчу колонехь тутмакхашлахь иккхина бунт йирзича къиза йиттина Нохчийчуьрчу Хайдаев Хьумидна, ур-атталла лоьрийн гIо а ца кхачийна цунна аьлла, хаамбина "Гражданское содействие" комитето. Лаьцначун вашас дIахьедина, Хьумид а, цуьнца хан токхуш волу кхин цхьаъ а бехкевина, къепе йохорна Ангарскан колонин администрацино аьлла.

Вашас дийцина, бунт йоьдучу заманчохь Хьумида телефон тоьхнера шега, тутмакхаша еттачу колонин белхахочуьнгахьа гIо даккха а гIоьртира ша бохуш, яздо комитето шайн сайтехь дахначу еаридийнахь бинчу хаамехь.

Инцидент хиллачул тIаьхьа Иркутскерчу цхьахйолчу изоляторе дехьаваьккхина Хайдаев. Карарчу беттан 16-чохь аьтто белира адвокатан Хайдаевна тIекхача. Тутмакхан доллу дегIа тIехь гематомаш яра, когийн а, куьйгийн а пIелгаш кегдина дара, юьхь ирчаяьккхинера. Халла бен къамел ца далучу цо дийцира, шена тIехь ницкъбарх а, лор шена тIевитина цахиларх а.

"Гражданское содействие" комитето латкъамбеш бу ФСИН-ан белхахошна аьлла, яздо бакъонашларъяран организацин публикаци тIехь.

2008-чу шарахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело таIзар дина ву Хайдаев Хьумид, ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатар дина ву аьлла. Биъ бутт хан яра цуьнан набахтехь яккха йисинарг.