Прагин мэр а, гIалин шина кIоштан куьйгалхо а ларван волийна Оьрсийчоьнера схьабала мегаш кхерам хиларна

Прагин мэр Гржиб Зденек а, шахьарарчу Ржепорые а, Прага-6 а кIоштийн куьйгалхой Новотны Павел а, Коларж Ондржей а Чехин пачхьалкхо ларван сацам бина, яздо, шена информаци еллачун цIе а ца йоккхуш, меттигерчу Respekt журнало, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Respekt-о бахарехь, Советан заманарчу маршалан Коневн хIоллам дIа а боккхуш, фашисташкахьа ваьллачу инарла Власовн "Оьрсийчоь Мукъаяккхархойн Эскарна" (РОА) дагалецаман у хIотто Прагерчу Iедало сацам бинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно кхерамаш тийса елира Чехин коьрта шахьаран куьйгалхошна.

Respekt-о дийцарехь, вуьйр ву аьлла дIахаийтина, масала, Прага-6 кIоштан куьйгалхочуьнга Коларже шегга, ткъа Чехин къайлахчу сервисо тергалдина Оьрсийчуьра махка цунна кхераме хила тарлуш волу стаг кхачар.

КХИН А ХЬАЖА: Коневн Прагерчу хIолламна гонаха: муха хIоттийра, стенна дIабаьккхина иза?

Журнало бечу хаамца, хааделла Оьрсийчуьра Европе кхаьчначу шпионийн терахь совдалар. Хетарехь, Прагера Коневн хIоллам дIабаккхарца доьзна хила а тарло иза.

Прага-6 кIоштахь лаьтта хIоллам дIабаьккхира Охан-беттан 3-чу дийнахь. Шахьарахь еш йолчу ХХ бIешеран дагалецамийн музей дехьаяьхьина монумент.

И хилам шайна Iаьткъина хилар хаийтира Оьрсийчоьно. ХIоллам дIабаккхарна бехктакхаман гIуллакх айдина Оьрсийчоьнан Талламан комитето, Чехи нацизм юхаденъеш ю, аьлла, бехке а еш.

Ржепорые кIоштахь Стигалкъекъа-баттахь хIоттор ду дагалецаман у Прагин дуккха а бахархой 1945-чу шарахь фашистех Iалашбарна Власовн "Оьрсийчоь Мукъаяккхаран Эскарна". Кремло емалйо и гIулч а.

Прагин мэр Гржиб реза а волуш, Чехин шахьарарчу Оьрсийчоьнан векалтна уллехь болчу урамна елла массех бутт хьалха Москвахь вийначу оппозиционеран Немцов Борисан цIе, ткъа цунна гена йоццучу цхьана майданна тиллина журналистан Политковская Аннин цIе.