Нохчийчуьра Iедал: изоляцин хьал талхочу зударех церан гергарчу божарша жоп лур ду

Нохчийчуьрчу изоляцин хьелашна тIехьожуш болу полисхой леткъа, зударша и хьелаш ца лардо, бохуш, дIахьедина шен инстаграмерчу эфирехь мехкан парламентан спикера Даудов Мохьмада.

Цо бахарехь, нохчийн къоман менталитетах, нехан зуда сацо а, иза лаца а товш дацарх пайдаоьцу низам талхочу яхархочо.

"Вайн башхалла а евзаш, шайга хIумма а эр дац, бохуш, маска а йоцуш, ур-атталла карахь бакъонан кехат а доцуш, шайн гIуллакхаш луьстуш, арахула лела зударий. Йижарий, наной, хаза дац шуна иза. Стага аьлларг аш лоруш делахь, шаьш Дала чуьрчу боьршачу стаге ладогIа декхаре деш дуйла шуна хаахь, хаза дац шуна аш лелориг", - элира Даудовс.

Цо бахарехь, хIинцачул тIаьхьа изоляцин хьал талхочу зударех церан гергарчу божарша жоп лур ду.

Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан терахьашца, 645 стаг ву Нохчийчохь коронавирус кхетта, велла 8 стаг.