Адыгейрчу Бжедугхабль юьртахь веллачу стеган тезетахь хиллачу нахах 151-нна коронавирус кхетта.
Ун даьржина шеца цамгар а йолуш тезета еъначу цхьана зудчуьнгара, боху "Новая Кубань" ("Керла ГIоба") газето.
"Красногвардейскан кIоштахь COVID-19 яржаро доьхку цхьацца ярташкара карантин малъян ", - аьлла Адыгейн куьйгалхочо Кумпилов Мурата.
ТIаьххьара йолчу информацица, 561 стаг ву Адыгейхь коронавирусах цомгуш.