Your browser doesn’t support HTML5
Марха къобалдан арабевлларш бIогIамех боьхкура ницкъхоша. Марха дастар лецаршца, нахана еттарца дIадаьхьна Нохчийчуьрчу полицино.
Ватсап-тобанашкахь хеза тешийн а, "бишка кхеттачийн а" леткъамаш. Карантин ю, чохь совца, бахарх, Iедале ла ца доьгIнарш бу дуккха а. Бакъду, омра муха дохадо гайтира шаьш хьаькамаша. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь хаам баьржира, махкарчу коьртачу маьждигехь гул а белла, ламазаш деш бу Нохчийчоьнан куьйгалхой а, динан дай а, аьлла.
"Новая газетан" журналиста Милашина Еленас шен фейсбук-агIонехь балабо Нохчийчуьрчу мухIажира, видеоблогера Ломаев Мусас бовзуьйту аудио-хаам.
СемаьIашкара аудио: "Кхузахь гой хьуна, кхузахь ТIахIир ву лаьтташ, сан вешин воI, шайн цIенна хьалха, иза бIогIамах дIавихкина, цул тIаьхьа кхин цхьаъ а лаьцна, иза а вихкина бIогIамах, иштта гIурт бу-кх тхан СемаьIашкахь".
Ломаевгахь йолчу информацица, хилларг иштта ду: "Массех стаг ураме ваьлла, полисхоша къиза йиттина царна, цул тIаьхьа гIаьттина берриг а урам. Полисхоша шайна гIо тIедехна, массарна а етта йолийна, зударшна а, къаношна а, берашна а. Хетало, дуккха а баланаш лайначу СемаьIашка нохчийн мотт буьйцучу акхаройн хьесапехь инарла Романов юхавеъча санна (1995-чу шеран Охан-баттахь СемаьIашкахь, инарла Романовс куьйгалла а деш, Оьрсийчоьнан эскарша вийра 100 сов вахархо – ред.) ".
СемаьIашкара кхин а аудио-тоьшаллаш:
"Мехкарий, тхо Iуьйранна дуьйна тIом беш ду тхайн урамашкахь, милици еана, ца хоьржуш, йиттина массарна а – зударшна а, берашна а. Iедалхой мелла бара, шайх дола а ца деш. Тапчан мукъ тоьхна, корта батIийна цхьана кIентан, цуьнан нанна а йиттина, бетах буй тоьхна, юьхь естийна. Тхо тIом беш ду кхузахь, тхан урамера божарий дIабигина".
"Асет, лоьрийн орцан декъехь болх бинарг, цунна а йиттина, цуьнан кIентан корта батIийна. Гинеколог Липа юй, цуьнан майрачунна а йиттина, цуьнан вешина тIехь динарг-м ирча де ду, ша ураме араваларна бехке ву ала, бохуш, йиттина цунна. Оцу стеган кIантана а йиттина".
Ломарчу Дуби-Эвлахь, меттигерчу бахархоша дийцарехь, карантин ларъе, бохуш, маьттаза мотт лебина полисхоша. Кегийнах гIо лаца боьлла юьртахойн, летарш хилла, юьхьанца лецнарш полицин карара баха аьтто баьлла нехан.
Your browser doesn’t support HTML5
Гуьмсехь лецна мархин сагIанаш лехьош лела кегий бераш. Кхиазхой маьждигана чубоьхкина. Аудио-хаамаша бахарехь, иттаннашкахь баккхийнаш а лецна гIалахь цIера арабовларна.
Политолога, бакъоларъярхочо Кутаев Руслана хаийтира "Кавказ.Реалиина" сингаттаме информаци шега а кхаьчна хиларх. "Оха дIасаяржийна и информаци. Чуьра араваьлла аьлла, цIенна хьалхарчу бIогIамах дIавихкина стаг. Хьал видео тIе даьккхинчу зудчо дийцарехь, полисхой, мелла я кхин корта бахош йолу хIума тоьхча санна, лелла, бIаьргаш тIе а бевлла. СемаьIашкахь хилла иза", - бохура Кутаевс.
Оппозиционера-видеоблогера Абдурахманов Тумсос, шегахь йолчу информацица, Марха достучу дийнахь полицина ротаци йина хилла, шаьш бехачу каппашка уьш нисбелча, цаьрга беза-бевзачарна озабезамаш ца байта, боху.
"Марха достучу дийнахь нах, шаьш мел чIогIа чубохкарх а, арабовла лууш хуьлу. Iедало, иза кхета а деш, хьалххе дуьйна долийра бахархошна кхерамаш тийсар. Делахь а, ла цадугIурш а бевлла. ХIинца деккъа дIа стаг кетIаваьлча а вуьгу дIа. Цхьаъ гIуркхах а вихкина, кхиберш леца дIахьаьлхина полисхой. СемаьIашкахь зудчунна-медикна йиттина, Дуби-Эвлахь меттигерчу бахархойх летта полици", - дийцира Абдурахмановс шен YouTube-каналехь.
Блогеро билгалдаккхарца, тIеман заманара санна бу Нохчийчуьра хаамаш. "Суна лаамза дагадогIу 2001-2002-чу шерашкара эскархойн талораш, "зачисткаш", мобилан телефонаш яцара, раци хьаьнгахь ю хьовсура тхо, кхечу меттигашкарчу гергарчаьргара хьал довза. "ДIогахь дIавигина", "кхузахь йиттина, дIалаьцна". Беламе видео яйна суна, цхьаъ ву бацалахула тиэкхаш, полицех лечкъаш. Иштта Марха вай цкъа а ца даьстина ", - дагалоьцу блогера.
Абдурахмановс гойту шен блогехь Соьлж-ГIаларчу "Турбинехь" полисхочо яьккхина видео. "Эхь-бехк а дайина, дIасалелаш бу нах. Ма ловзабе, чукхийса, схьабалабе", - боху ницкъхочо шен куьйгакIеларчу ницкъхошка.
Телеграмерчу "IАДАТ" канало дийцарехь, "Турбинехь" меттигера бахархой гIевттина полицина дуьхьал, нах къинтIера баха а тIехь дезна цигарчу полицин куьйгалхочун.
"Кавказ.Реалии" комментари еха гIоьртира Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера, амма схьаоьцуш яцара телефон пресс-векалто. Стигалкъекъа-беттан 25-чохь министраллерчу "тешамаллин зIенехула" хилира тхан дистхуьлийла. Амма делла жоп иштта дара: "Тхан массо а белхахой, пресс-векал а тIехь, Марха достуш бу, мукъаденош ду церан".