Ялх нохчочунна гIело ярна Оьрсийчоь бехкейина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн вовшахтохараллан комитето

Your browser doesn’t support HTML5

Еттар, талламо харцо яр, кхело набахте хьажор...

Оьрсийчохь, тIемалой бу аьлла, яккхий хенаш йиттира Тайсумов Ризванна, Темирбулатов Салманна, Барахаев Хьамидна, Юсупов Аьрзуна, Яшуев Тамерланна, Аларханов Мохьмадна. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комитето Оьрсийчоьнан Iедал бехке лору царна ницкъ барна, таллам, кхел низамехь цаярна, уьш харцонца лецна латторна.

Тутмакхийн агIолаьцначу "Правовая инициатива" ("Бакъонан жигаралла") проектан а, TRIAL организацин а векалша а гIодина рогIерчу 6 нохчочунна аьрзнаш чудала. Буьйцучех пхиъ Оьрсийчоьнан вахархо ву, йолхалгӀаниг – Барахаев – Казахстанера ву.

Кегийнах Iедалан кеп-кепарчу ницкъаша 2004-чу шеран гурахь а, 2005-чу шеран Iай а лецна уьш къайлабаьхна латтийра Нохчийчохь а, Дагестанехь а.

КХИН А ХЬАЖА: Страсбургерчу кхело 2 миллиард евро даьккхина Оьрсийчоьнера

Лоьцучу муьрехь царна ца хаийтина шаьш стенна бехкебо. Низамо ма-хьоьхху ца лелийна цаьрца стаг лаьцна латтор дIадахдеш йолу кеп. Ца магийна царна парггIат адвокаташца юкъарло лело, ца елла кхела хьалха хIиттале, шаьш бехке дацар гойтуш, тоьшаллаш гулдан таро.

Массанхьачул а дукха къизалла лайна лецначарна, цара дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу ОРБ-2 декъехь (Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу оперативан-лехаран бюрохь).

"Правовая инициатива" проектан информацица, Тайсумов Ризван, Темирбулатов Салман, Барахаев Хьамид, Юсупов Аьрзу, Яшуев Тамерлан, Аларханов Мохьмад лоцуш а, царна тIехь гIело еш а хьийзина Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан а, Дагестарнерчу Хасу-Юртан кIоштан а полици а, "кадыровхой" олу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша урхалла ден тобанаш а.

2005-гIа шо доьрзуш Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело листина 11 тIемалочун дов, царалахь хилла вуьйцу ялх а. Прокуратуро далийначу тоьшалло бахарехь, тIеман гIеранехь лелла уьш, лелийна герзаш, дина Iедалан ницкъашна тIелетарш.

КХИН А ХЬАЖА: Оьрсийчоьнна 90 эзар евро тIедожийна Европан кхело милцоша йиттина вийначу Мурдаловн гIуллакхехула

Амма Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин комитето ша бинчу талламан жамIехь иштта боху: "Кегийнаханна тIехь гIело латтийна, шаьш терроран тохарш дина хиларх даредайта гIерташ – йиттина, полиэтиленан тIоьрмигашца садукъдеш, электрошокерца ток етташ хьийзийна. Тайсумовн аьтту ког а, пIендарш а кегдина. Дов таллар доьрзучу кхаьчча бен ца магийна царна адвокаташ леца. Тоьшаллаш етташ даьхна цаьргара. Аьрзнаш деш хилла лецначара, амма уьш луьстучара Iора ца даьхна Iедалхойн зуламаш. 2006-чу шарахь ехха хенаш а тохна, 13-21 шераш даха набахте хьийсийна кегийнах".

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин комитето ша дов талла долош йовзийтинчу претензешца реза ца хилла Оьрсийчоь. Дахьийтина хиллачу кехато иштта боху: "Тайсумовс а, Тимербулатовс а, я церан адвокаташа а ца дина Оьрсийчохь бинчу сацамна арз – уьш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комитете латкъар нийса дац".

КХИН А ХЬАЖА: 20 кавказхо доьза вайарна бехкейина Оьрсийчоь Европан кхело

Яшуевн а, Тайсумовн а, Юсуповн а хьокъехь боху Оьрсийчуьрчу документо, цара таллам боьдучу юкъанна шайна гIело яр далхийнера, церан аьрзнаш а листира, амма кхелаша уьш бухбоцуш лерира.

Оьрсийчоьно бакъ ца до лецначийн бехк толлучу муьрехь адвокаташа дакъа ца лаьцна бохург. Цул сов, боху агIоно, бехкебечара пайда ца ийцира Оьрсийчоьнан конституцин 51-чу декъо лучу бакъонах - реза хилира тоьшаллаш дан, ца хийцира уьш таллам боьдучу хенахь. Цундела церан арз бух боцуш лору Оьрсийчоьно, харцбо тутмакхаш дуьненаюкъарчу хьукмате латкъарна.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин комитето ша бинчу сацамехь бехкейо Оьрсийчоь. Цо талхийна стаганна гIелояр, иза сийсазвар доьхку а, адвокатех пайдаэца магош долу а, кхин а массех низам а, боху дуьненаюкъарчу хьукмато.

"Правовая инициативан" адвоката Аветисян Грегора дийцарехь, хIинца листина арз тутмакхаша дуьнанаюкъарчу хьукматашка дуьххьара деш дацар.

"Церан арз Европан адамийн бакъонийн кхело тIе ца ийцира кеп нийса хIоттийна цахиларна. Цундела шозлагIа кечамбеш, оха иза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин комитете чуделира. Сацамо дагадохкуьйту адамийн цхьана декъанна дицделла зуламаш: Iедало нах каппашкахь идор, хьийзор. Цхьа а вац и зуламаш дарна жоьпе озийна", - билгалдаьккхира Аветисяна.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн вовшахтохараллан комитето бинчу сацамо некъ боккху тутмакхашна шайн дов юхалистийта. Теллинчу девнаца дуьнанаюкъарчу инстанцина низамехь доцург карийча, юхалиста деза и дов, аьлла ду Оьрсийчоьнан Бехктакхаман процессан кодексехь.