Your browser doesn’t support HTML5
"Настоящее Время" телеканало йовзуьйту Оьрсийчохь болх а, некъ а боцуш биссинчийн истореш.
Москварчу цхьана гIишлош ечу меттигехь кхахьоьгуш дара Екатерина а, цуьнан цIийнда а. Эпидеми йолаеллачул тIаьхьа, 1,5 эзар сом кара а делла, дIахьажийнера и шиъ. Максим петарш чохь куьцаш деш вара: цунна даллане а ца делира алапа.
Тверь гIаларчу фитнес-центрехь болх беш хиллера Дарья: официалехь хIинца а цигахь болх беш ю иза, амма ши бутт хан ю, алапа а доцуш, иза цIахь Iаш йолу.
Оцу нехан истореш шатайпа яц: коронавирус бахьана долуш Оьрсийчохь болх а, некъ а боцуш, шаьш кхин дIа хIун дер а ца хууш биссина дуккха а бахархой бу.
ГIоьналлин фондан "ДоттагIийн цIа" (Дом друзей) хостел гучуелира Москвахь. Цхьа шатайпа, тховкIело йоцуш виссинчунна буьйса йоккху хIусам ю иза. Аьлча а, карантин дIаяллалц мехаза чохь хан яккха меттиг болу, Москва болх бан веана, амма балхах а, ахчанах а ваьллачу хIоранна а.
180 сов стаг ву "ДоттагIийн цIийнехь" дIатарвелла карарчу хенахь. Официалехь дIаэцна а боцуш, гIишлош ярехь а, ресторанехь а белхаш бина, куьйгалхой хиллачара балхара дIабохучу хенахь къиза Iехина, гIалина арахьара чубаьхкина нах бу царах дукхахберш.
Уггар хьалха цу хIусаме кхаьчна ву Максим, дукха хан йоццуш хостелна урхалла дан хIоттийна иза. Йийбар вовшахтосуш хилла ву иза цхьана хенахь, иштта жIалеш Iамош а хилла. Хиндолчуьнга хьежа Iемина воцучу ша, муьлхха а болх тIелоцура, боху цо.
"ХIара пандеми а, карантин а йолаелча, шайн петаршкахь изоляцехь биса таро йоцучарна гIо дан буьйлабелира нах. Иштта, ойла а йина, кхоьллина ю хIара проект", - дуьйцу цо.
Пандеми йирзича, хостеле ахчанах бен нах буьтур бац бохуш, цкъачунна Iалашо лоьцу цу хIусаман долахоша. Цара дIахоуьйту цу чохь бехачаьрга и хIусам цхьана ханна бен мехаза шаьш латториг цахилар.
"Планаш юй сан хоьтту ахь? Со кхузахь мел ву, хIара меттиг кхааннах уггар а тоьлларг хилийтар ю сан Iалашо. Цул тIаьхьа хиндерг хууш дац. Иштта хаа йиш яц, хIара маца доьрзур ду а", - боху Максима.
Москвахь цхьана гIишлош ярехь болх беш дара Екатерина а, цуьнан майра а. Белхалошна юург еш яра Екатерина.
"Тхо Iехийра, цхьа а сом ца делира тхуна. Шинна 1,5 эзар сом кховдийра, - дуьйцу зудчо. - Сан документаш схьаделира, сан цIийнденаш ца делла. Дмитрий ярий хаьа суна цу долахочун цIе, кхин тхуна гина вац иза".
"ГIишлош еш вара со, амма уьш цкъачунна дIакъевлина ю. "Ховрино" олучу метрон социйлехь болх беш вара со. Цигахь керла цIенош ду, петаршна чохь куц дора ас, - бохуш дуьйцу "ДоттагIийн цIа" хостелехь вехачу кхечо - Паклин Максима. - Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу дийнахь соьга элира, иттех денна болх сацош бу аьлла. Со арахь виссира. Итт де даьлча цаьрца зIене велира со, амма алапа ца делира суна. Йа соьга бала болх а бац церан, хIинца а белхаца аьтто боцуш лела со".
"Цхьа а хIума шайгахь доцу нах бу-кх уьш. Шайн дахарехь уггаре а чолхе беана мур ловш схьабогIу уьш. Арахула кхерсташ лелачул а, кхузахь хевшина Iаш бу уьш", - аьлла, дийцина гуманитаран "ГIо оьшу" фондан куьйгаллех волчу Алешковский Дмитрийс.
Эксперташа билгалдоккху, къаьсттина коронавирусо официалехь а доцуш, болх беш хиллачу нахана зенаш дина аьлла. Официалан статистикаца, COVID-19 вирус кхетта нах тIех дукха боцучу регионашкахь а цхьана таро йоцуш диссина адам болх бан а, шайна напха даккха а. Экономикехь хуьлучу зенаша къийдо бахархойн доккхахдолу дакъа. Къаьсттина шахьарахь а, кхечу "хьоле" лоручу гIаланашкахь а вахтин кепашкахь къахьоьгуш хиллачийн гIуллакх эшна догIу.
"Iаламат чIогIа белхан хьашто ю нахехь, тамаша баллал йоккха. Дукха нах биссина регионашкахь а, гIаланашкахь а болх боцуш", - билгалдоккху Алешковскийс.
"50 процент бизнесхоша аьлла, шайн персонал ахча а доцуш, цIахь йитина шаьш. Белхан меттигаш схьаелла а йиш яц, оцу заманчохь йа царна алапа дала а таро яц шайн боху цара", - дIахьедо Оьрсийчуьрчу Йохкаран-индустрин палатан вице-президенто Дыбова Еленас.
Пандеми йолаялале Тверерчу фитнес-центрехь бармен яра Рейникова Дарья. Протеинан коктейлаш кечъеш яра иза чуоьхучарна. Балхара дIа ца яьккхина иза официалехь, амма ши бутт гергга хан ю йа болх а, йа алапа а доцуш Iаш йолу. Шен куьйгалхочун проблемех дика кхета иза.
"Пандеми йолаелира. Массо а фитнес-клубаш болх бечуьра совцийра. ТIаккха болх а хуьлийла ма дац, - боху Дарьяс. - Цхьанхьа а ма бац болх, цундела чохь ца Iийча ца волу. И цхьа бар бен ма яцара сан куьйгалхочун долахь. Цунна лиъча а, стенах лур дара цо суна алапа? Оха цу чохь доккхучунна тIера луш ма дара цо тхуна ахча а. Ткъа хIинца хуьлуш пайда бац, цундела алапа а лойла дац".
Ша а, шен цIийндас а дийнахь шозза бен юуш хIума яц боху Дарьяс, цкъачунна ницкъ кхочу боху цунна. Шаьш Iачу хIусамах дIадала а деза, ткъа кхана-лама карантин чекхъер ю аьлла, дегайовхо ю церан. Коьртаниг, цул тIаьхьа бан болх карор.
Карантин кхайкхаяле хьалха а гIуллакхаш ледара хиллачарна кхаьсттина хала ду хене бовла тахана. Масала, ша цхьаъ пхи бер кхиош йолчу Лебедева Татьянина. Бераш кегий хиларна цкъачунна балха араяла аьтто бац цуьнан. Цу тIе, дукха хан йоццуш цуьнан цIийнах цIе яьллера .
"НеI йиллина, со ураме яьллачу юкъанна тхан ах уьйтIе йогуш лаьттара, - дагалоьцу Татьянас. - Базера цхьа стаг вара тIехволуш. Яьлла цIе а гина, кертах тоьхна аьчкан тахта а датIийна, кор дохийна, тхо арадехира цо".
Берашна ахчана кехаташ Iедале чудала аьтто шен боцу масех кIира а ду боху Татьянас. Социалан белхахой изоляцехь бу, иштта, Пенсин фонд а цхьаьна. Интернет яц кхеран, йа доьзална гIо дан стаг а вац.
"ЦIийнан тхов тобаллалц лулахошкахь хан яьккхира оха. ХIинца берийн беша доьзал дIанисбойла ду, амма коронавирус бахьана долуш таро йоьхна, лоьрех бераш чекхдохийла а яц. Кеста карантин дIаяьлча, медкомисси а, балха а гIур ю-кх", - боху зудчо.
Пачхьалкхехь белхан къоьлла ловш 1,9 миллион стаг ву аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Ткъа "Росстатан" кхин зераш ду: 5,5 миллион гергга вахархо ву боху цара. Къинхьегаман министралло а, эксперташа а дIахьедо, белхазаллин пик хIинца а Оьрсийчохь хилла а яц бохуш.
"Карантин йирзича а болх болон аьтто хир бац совдегарийн. И бохург ду, церан белхахой а болх боцуш буьссур бу. Гергарчу заманан перспективаш цкъачунна Iаламат чолхе гаре терра, адамаш муьлххачу агIор а рицкъ доккхучу режиме бовлуш бу", - дуьйцу Дыбова Еленас.