Your browser doesn’t support HTML5
Туристашна кечъеш ю Къилбаседа Кавказера курорташ. Ткъа буй кийча шаьш туристаш?
Коронавирусан пандемино дихкина мехкийн дозанаш, сецна туризман бизнес. И хьал пайде хила тарло Оьрсийчуьрчу регионашна: пачхьалкхан дозанал дехьа бовла йиш йоцу регионашкара бахархой бахка мега Кавказе. Хуьлийла дуй иза?
Четарш а, жIаьлеш а
Туризман мур болабаларе сатуьйсу Оьрсийчуьрчу курорташа. Цхьайолчу меттигашкахь нах шайггара схьаелла гIерташ а хаало. Масала, Астрахан-махка кхочу туристаш «юхабоху» некъаш лоьху меттигерчу Iедало. Цигарчу губернаторан Дворников Михаилан векала дIахьедира деношкахь, махка кхочу бIеннаш машенаш юхаерзо езаш хуьлу, аьлла. Iедал Iехийна-тилийна а, чекхбовла гIерта туристаш, шаьш гергарчаьрга доьлху, олий, ткъа машенаш чохь «хуьлу садоIу четарш а, жIаьлеш а», бохура цо.
Сочерчу туризман индустрин векало а тоьшалла дира "Кавказ.Реалиина" туристаш шаьш долчу а лела боьлла хиларх. Тураш яц кечйина цкъачунна – шаьш-шайггара кхочу хьеший гIала, лоьцу мехах бахархошкара чоьнаш.
КХИН А ХЬАЖА: Керла курорт йийр ю Къилбаседа ХIирийчохь"Ца хеддаш, телефонаш етта тхоьга, нах кийча бу изоляцехь Iан а, хIорданна герга хилчхьана", - элира Сочерчу туризман векало.
Краснодар-махкахь кестта юьйлалур ю болх бан цхьайолу санатореш. Боккха эшам хилла царна коронавирус бахьанехь: тIаьххьарчу шина баттахь 10 миллиард соьманна.
ХIун хир ду кхидIа?
Мангал-беттан I-чу дийнахь туризм схьайоьлла аьлла бара пачхьалкхехь сацам. Кечъелла хьеший тIеэца Къилбаседа Кавказера дуккха а курорташ.
Массарел а хьалха дIакхайкхийра шен болх болош хиларх лаьцна гIалгIайн "Армхи" курорто. Амма юьззина иза елларх дерг луьстуш ду цкъачунна, дарбанаш лело бакъо а елла цунна – иза коьртаниг ду, элира "Кавказ.Реалиига" оцу курортан коммерци лелочу директора.
"Керла шо тIекхочуш оха медицинан центр схьайиллина, пехашна дарба лелош йолу пульмонологи а ю цигахь. Болх бан кийча ду тхо. Уьнах ларлуш дан мел оьшург а дина, оьшшу хьелаш а кхоьллина. Коронавирус лайна бевллачарна, тобеллачарна реабилитаци ян кийча ю тхан курорт. Кхуза мел кхочучу стеган могашалла леррина зуьйр ю тхан говзанчаша", - элира "Армхин" векало.
Кхарачой-Чергазийчуьра "Архыз" а ю схьаеллаяла кечлуш. Масала цуьнан цхьана хIусаман цIийно - "Архыз Рояло" кху беттан хьалхарчу дийнахь кхайкхийра ша хьеший тIеоьцуш хилар. "Массанхь а ю санитайзерш, массо а чоьнашна йо дезинфекци", боху хIусаман сайто.
Йиллина ю Кхарачой-Чергазийчохь "Аллюр" а, "Романтик" а садоIийлаш а, хьешийн хIусам "Вертикаль" а.
Амма юьйцучу муьлххачу а курорте ваха новкъаваьлла, Минеральные Воды аэропортехь охьавоьссинарг 14 денна изоляце хьажош ву. Из-за боху Дагестанерчу низамо а, амма цигахь лар ца до иза кхоччуш. Массанхьачул а луьра ду хьелаш Соьлж-ГIаларчу аэропортехь – коронавирус шеца яц боху тоьшалла хила деза туристан карахь. Цкъачунна Нохчийчоьно ца йиллина схьа шен садоIийлаш.