ХIун хиллера 25 шо хьалха Буденновскехь: дIалацаран хроника
Your browser doesn’t support HTML5
1995-чу шарахь Мангал-беттан 14-хь милицин декъан белхалхойх таръелла 200 герга тIемалочух лаьтта тоба кхечира Буденновске. Масех сахьт далале эзар сов стаг закъалте а лаьцна, меттигерчу дарбан цIийнехь дIатарбелира уьш. ТIемалоша тIелатарш дира полисхойн дакъошна а, административан а, адамаш деха а гIишлошна, дIабигара урамашкара нах. ДIалаьцначу дарбан цIийнахь а волуш, тIеман командиро Басаев Шемила кхерам тосуш тӀедожийра Оьрсийчоьнан 1едалшна: федералан эскарш арадовла деза Нохчийчоьнан лаьттан тIера.