Дижонехь а, Ниццехь а хуьлучух лаьцна дуьйцу цигарчу нохчаша

Your browser doesn’t support HTML5

Францехь нохчашна а, Iаьрбийн мехкашкара схьабевллачу наханна а юкъайоьлла гамо шорлуш ю. Кху деношкахь иккхинчу девно гIаттийна Дижон къепедацарех хьалха а ялале, оцу гIаланна ах эзар километр гена йолчу Ниццехь вовшахлетта оццу къаьмнийн векалш – нохчийн а, Iаьрбийн а кегийрхой. Ниццехь дуьххьара нислуш а дац иштта дерг. ХIун ду девнан бахьана, стенна ца тарло вовшашца Францехь баха хевшина арара нах? Оцу хаттарна жоп лоьху Ниццерчу масех нохчочо.