Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьрчу Шуьйта кIоштарчу яхархочо Мовлатхана ХIинжа-ГIала арабаьккхина некъ пхеа дийне бахбеллера кху баттахь, коронавирусана тIехула тоьхна карантинан дозанаш бахьана долуш. Дарбан хIусаме кхачийначу шен доьзалхочунна тIекхача гIерташ хиллера иза.
Зазадокху-бутт бовш Мовлатхана шен диъ бер Дагестанерчу шен гергарчу нахе дигинера. ШолгIачу дийнахь уьш дIабига тIаьхьа яха езаш яра иза. Амма Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара дозанаш дIакъевлира, машенаш дIасалелуьйтуш а яцара. Шен берашца телефонехула бен зIе йоцуш йисинера нана.
Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь Мовлатханан жимахволу кIант ХIинжа-ГIалин республикан дарбан цIийне охьавиллира, хьераца даI ду аьлла. Беттан 16-чу дийнахь гIоьртира Мовлатхан шен берана тIекхача. Юьртан полисхочо бакъо елира цунна юьртара араяла, Нажин-Юьрта йоьдучу машенахь новкъаелира иза. Шина республикана юкъарчу "Герзелан тIай" олучу постана гергахь машенара охьайоьссира зуда, амма нохчийн агIор лаьттачу полисхоша Дагестане дехьа яла пурба ца делира, цуьнан карахь бакъо йоллушехь.
"ТIеман доза хадош санна дIаоьхура со, цкъацкъа нийса атакица, тIаккха - партизан санна. ТIайн цхьана агIор – нохчийн пост яра, вукху агIор – дагестанхойн. Карахь дIасаяха бакъо хиларо а гIо ца дира суна", - дийцина "Кавказ.Реалиига" Мовлатхана.
Цул тIаьхьа деа дийнахь Мовлатхана изза некъ юха бира, хIоразза а посте кхаччалц дIаюьгург 150 сом а луш, ткъа дехьа ца ялийтича, изза ахча а дойуш, некъ юха бан безара цуьнан.
ХIоразза постехь гойтура цо шен паспорт а, берийн кехаташ а, гойтура дарбан цIийнера шега йиттина телефонаш а, дехарш дора шен жимачу доьзалхочунна тIекхачийтахьара ша бохуш.
"Банне а аьтто бацара уьш къарбан. "Стоп-колеса а, "стоп-ноги" ю кхайкхийна олура, транзитан транспорт бен дIасайохуьйтуш яц бохуш. Юьхьанца шога къамел дора соьга. Соьгахь ма ду тIоьрмигаш, берийн тIеюху хIума. Цаьрца девне юьйлура со, полисхоша кхерамаш туьйсура тIаккха. Шаьш бокс чу а йоьллина, ковид юй хьожуш, тест йойтур ю бохуш. Юхаерза дийзира сан. ЧIогIа кхераме хетара суна юхабен некъ. Нажин-Юьртара "маршруткаш" цхьа наггахь бен лелаш яцара, некъаш даьсса дара, кир лелон машенаш бен ца хуьлура дIасалелаш. Новкъахь еккъа суо лаьттара со, нах бахкийта ахь, бохуш, Деле а доьхуш. Иштта дIа-схьа лийлир-кх со деа дийнахь", - бохуш, дийцина Мовлатхана.
Цо бахарехь, тIаьххьара а постехь лаьттачара Мангал-беттан 20-чохь йола аьлла, хьехнера цунна.
"Сайчарна тIекхача гIерта цхьа партизан хетара суна суо, - боху Мовлатхана. – Юха цхьа хийцамаш хилира, тIаккха дехьа елира со. Нохчийн постера дагестанхойн посте кхаччалц гIаш некъ бан дийзира сан. Цигарчу таксилелорхоша оцу некъан жимачу юкъаметтигах 500 тIера 800 соьме гергга мах боьхура. Вукху агIор болчара я паспорт ца хьаттира соьга, я цхьана а хIуманах талламаш а ца бира".
ПхоьалгIачу дийнахь ХIинжа-ГIала дIакхечира берийн нана. Оцу сохьта меттигерчу дарбан цIийне дIахьаьдира иза шен кIантана тIе.
Лакхахь охьаяздинарг хиллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республикехь дозанаш лахдеш кхоалгIа этап йолош ю аьлла. Карарчу беттан 22-чохь дуьйна изоляцин раж юхаяьккхина Нохчийчохь, иштта маршо ю некъаш тIехь дIасалела а.
Делахь а, эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь вовшахтоьхначу оперативан штабо дийцира, дозанаш хадочу меттигашкахь контрол хIинца а латтош хиларх.
"Кавказ.Реалиин" корреспонденте штабехь дийцира, республикера араволучо меттигерчу полисхочуьнгахь кехат дита деза, карантин ерриг а юхаяккхалц ша кхин чувогIур вац аьлла. Кехатан оригинал полисхочуьнгахь юьсуш ю, копи дозанех дехьаволучу хенахь постехь лаьттачарна дIагойту.
Дозанаш деллалц Дагестанехь сецна Мовлатхан а, цуьнан диъ бер а.