Краснодар-махкарчу Адлерна гергахь "Оьрсийн салтийн хьуьнаран монумент" хIотто проект кечъярца сингаттам боссийна чергазийн дегнаш чу Iедало, хаам бо "Кавказ.Реалиино". "Пропагандин хIоллам", ткъа иза хIоттор – питана, иштта го проектан мах адыгашна. Сочи гIалин администрацино шен сайте хIоттийра проектан сурт байначу беттан 30-чу дийнахь, амма хIинца дац иза цу тIехь. Iедало юьхьарлаьцначу Iалашонан хьокъехь яздина "Кавказский узел" портало.
" Iаьржачу хIордан Адлер йистонца 1837 шарахь йиллинчу Сийлахь Синан Фортан (Форт Святого Духа) карта ду хIолламан васте дуьллуш. 19-чу бIешеран 30-чу шерашкахь Iаьржачу хIордан йист чIагIъеш лаьттина, стратегин мехалла ю и форт", –аьлла йовзуьйтуш яра сайто хIолламан проект.
Монумент йилла дагалаьцнарш бу Сочи гIалин депутаташ а, килсан мозгIарш а, Адлеран кIоштарчу историн музейн белхахой а.
"1837 шарахь оьрсийн салташа а, эпсарша а луьра тIом латтийна ламанхоца. Цигахь вийна мостагIчун даьндарго поэт-декабрист Бестужев-Марлинский Александр", – аьлла дара проект йовзуьйтучу Сочин администрацин сайта тIехь.
Оршоьтан дийнахь Оьрсийчоьнан историкийн юкъараллин Краснодарерчу декъан куьйгалхочо Зенгин Сергейс, шена хууш дац монумент хIотторах дерг, элира Маршо Радиога. Оха Сочин администраце а дахьийтира сайта тIера хаам дIабаккхарх лаьцна хаттар, амма жоп ца деана цкъачунна.
1817-чу шарера 1864 шаре кхаччалц лаьттинчу Кавказан тIамо хIаллакьхуьлучу хьоле кхачийна адыгийн къаьмнаш. Османийн импере адыгаш берраш а санна дIабахча, буха ца бисина 50 эзар бен. Оьрсийчоьне ша Кавказан тIеман заманахь адыгашна тIехь геноцид хIоттийна хиларх даредаре кхойкху чергазийн юкъараллаша.
Адыгаша дуккхаза а хаийтина шайн дай баьхначу латтанашна тIехь и тайпа хIолламаш хIиттор шайна товш доцийла, оцо Оьрсийчохь дехачу къамнашна дуьхьал дискриминаци яржайойла. Чергазий шайн даймахкара бохорах лаьцна дуьйцург "хаза туьйра" ду, элира Туркойчуьрчу Оьрсийчоьнан векала Ерхов Алексейс 2020 шеран Iай. Оцу къамело Туркойчуьра кавказхой протестан акцешка бехира Анкарахь а, Стамбулехь а.
Чергазийн дуьненаюкъарчу боламан лидерех волчу Гвашев Руслана зуламе лору Iедал Адлерехь хIоллам хIотто гIертар. Цо дагайохкуьйту Къилба Кавказера къаьмнаш хIаллакдеш, царна тIехь латтийна гIелонаш.
Питане васташ а, битамаш а кхуьуш лаьтта
– Питане васташ хIиттор десташ ду. Цхьана тIегIанара ду и зуламаш. Оьрсийчоьнан Туркойчуьрчу векало Ерховс аьлларг а, Керлачу хийцамца Оьрсийчоьнан Конституцино "федеративан барт" олу кеп йохор а. Халкъе шен баланех ойла ца яйта, иза Iехорхьама леладо иза. Оьшуш бац Сочехь Кавказан тIом дагалоьцуьйту хIолламаш оццул дукха", - элира Гвашевс Маршо Радиога.
"Монументалан пропагандин хIоллам" элира билла тарлачу хIолламах "ГIебартойн конгресс" юкъараллин куьйгалхочо Бешто Аслана:
Чергазаша тIом бина Оьрсийчоьнца заманаш хьалха, амма федералан Iедало хIинца а бац оцу хиламийн мах хадийна
– Со чIогIа реза вац хIоллам хIоттабайта. Вайн цхьана пачхьалкхан дахархой ду бахахь а, истори кеп-кепара гойтуш ю вайн. Чергазаша заманаш хьалха тIемаш бина Оьрсийчоьнца. Амма федералан Iедало мах хадийна бац оцу хиламийн хIинца а. Адыгейн, ГIебарта-Балкхаройчоьнан парламенташа цунах шеко а йоцуш геноцид олу. Сан кхетамехь, пропагандин хIоллам бу буьллуш. Цо цхьаьннан а иэс ца дуьгу хиллачух доккхаден, лелларг даздан лерина деш а дац иза. Иза до тахане а, кхане а чIагIъеш. Оцу хIолламо олуш дерг цхьаъ ду: хIара тхан латта ду, оха даьккхина, хIара схьадаьккхина нах – тхан нах бу. Геноцид лелла хилар – иза кIадбоцург ду. Суна иштта го Iедалан Iалашо.
– Стенна кхуллуш бу и хIоллам кху заманахь?
Урхалла дар колониалан кепе доьрзуш ду
– Гарехь, бахьана ду чергазаша шайн проблема, шайн претензеш, федералан центрца шаьш реза цахилар кест-кеста хоуьйтуш хилар. Центрна ца лаьа халкъашка шайн меттанаш Iамабайта, нийса яц цо къаьмнашца лелош йолу политика – дукха хIуманаш ду чергазашна цатовш. Къаьмнийн республикийн статусах йисина цхьа цIе бен яц. Урхалла дар колониалан кепе доьрзуш ду. Со оцу политикаца реза вац, ца лаьа суна и тайпа хIолламаш хIиттабайта", - элира "ГIебартойн конгресс" юкъараллин лидера Бешто Аслана.
Чергазийн юкъараллаша геноцид лору Оьрсийн империно шайца 19-чу бIешарахь лелийнарг: къоман цхьа дакъа хIаллакдина, цхьа дакъа Османийн импере дIахьажийна. Таханенна цхьа пачхьалкх бен яц чергазийн геноцидна къерахилла – Гуьржийчоь, яздо Кавказ.Реалиино.
Историка Вачагаев Майрбека дуьйцу, Адлеран кIоштахь хIотточу хIолламо оцццул чIогIа стенна дарбина чергазий:
И хIоллам хIоттор – чергазашна рогIера чов яр ду
– Краснодар-мохк а, Iаьржачу хIордан йист а – иза чергазийн даймохк бу. И хIоллам хIоттор – чергазашна рогIера чов яр ду. Дукха бу цигахь меттигерчу халкъаца тIемаш бинчу инарлийн хIолламаш. Чергазашна яц и васташ доьналлин хьаьркаш, оьрсашна и инарлаш мел беза белахь а. Чергазашна уьш колонизаторш бу. ТIаьххьарчу шерашкахь и тайпа хIолламаш баржаро Оьрсийчоьнан политикан хатI гойту. Кремлан кхетамехь, Кавказ яккхар – Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна кхаьчна ирсе дакъа ду, ца го цунна цигахь цхьа а колонизаци. Кавказе оьрсий баржаро хазбина, массо а агIор кхиийна мохк, боху Кремло. Цунна хетарехь, герз карахь шайн махка баьржинчу наханна баркаллаш баха декхаре бу кавказхой. Со шек вац и хIолламийн хIиттор Кремлера, Москвара дохкуьйту омранаш хилар.
– XIX бIешерашкахь мел дукха чергазий белла оьрсийн карах? Геноцид стенна юьйцу чергазаша?
– Тамаша бу и зераш цхьаммо а динехь, Кавказана тIамехь оьрсийн агIор хилла дараш бен дац документашкахь дисина. Къилба Кавказ яьккхинчул тIаьхьа мохк чергазех мукъабаккха болийна. Адыгашна вуно лазаме, доккха зен дина болам бу иза. Эзарнаш шерашкахь шайн латта тIехь даьхна къаьмнаш Османийн импере дIахьийсо долийна. Ас теллина оцу заманаша документаш. Трабзонерчу оьрсийн консула и зама юьйцучу кехаташна тIенисвелла со. Велхха воллуш яздо цо: "Ган хала сурт ду хIара! Сацо деза дерриг а, чергазий дIакхалхор юкъахдаккха деза! ХIунда аьлча, эзарнашкахь леш бу нах! " Iаьржачу хIордан цхьана йистера I000 чергази новкъаваьккхича, дехьа бердашка кхочуш ца хилла царех ах бен – ун даьржина хилла. Туркойчоьна а ца хилла и нах тIеоьцуш. Уьш дуккха а беттанашкахь кхаьбна карантинехь. Оцо вуно доккха зен дина чергазашна. Хаттар лаьттина: буьсур а буй адыгаш дуьнентIехь? Масала, дац ала тарлуш ду убыхийн къам. Цундела Кавказехь оьрсийн инарлашна, салташна хIолламаш хIиттор – иза чIогIа лазам еду чергазашна, кхечу массо а къамнашна, – дийцира историка Вачагаев Майрбека.
Оьрсийчоьнан Iилманийн академин дуьненаюкъарчу экономикан а, юкъаметтигийн а институтан коьртачу белхахочунна Муханов Вадимна гарехь, "Оьрсийн салтийн хьуьнаран монумент" хIоттор – иза Къилбаседа Кавказехь советан заманахь дуьйна лаьттачу "эсан тIеман" дакъа ду:
И монумент кху муьрехь юкъаяккхаро цецваьккхина со
Сайх дерг аьлча, и монумент къаьсттина кху муьрехь юкъаяккхаро цецваьккхина со. Оьрсийчохь кху замано еъначу проблемин букъа тIехь и тайпа хIолламаш оьшу аьлла ца хета суна, Къилбаседа Кавказехь муххале а. Баккхий къийсамаш, гамонаш кхоьллина Къилбаседа Кавказехь хьалха хIиттош хиллачу хIолламаша а. ХIинца хIотточу монументо нах иэгIор буй хаа дукха хьекъал а ца оьшу.
– Чергазаша Оьрсийчоьнан Кавказерчу политиках колониалистийн политика олу, цундела лаьтта хIолламашна дуьхьал а. Ткъа Iилманчаша муха туьду и политика?
Чолхечу исторех йохк-эцар йина
– Иза хала а, ехха листа езаш а тема ю. Дерриг а дозу истори толлучара хадочу мехах. Цу тIе, и толлурш а бу кеп-кепара кхетамаш болуш. Оьрсий, чергазий хилла ца Iаш, туркой а, Iаьрбий а бу тема хьехочийн декъахь. Йохк-эцар хилла исторех. Кхеташ ду, Кавказан тIом боьрзуш лелла хиламаш бохаме ца гойла дац кхетамчохь волчунна. Амма дуккха а ду шайна-шайна исторехь хилла цатемаш геноцидан могIара бохийла лууш хьийза къаьмнаш. Масала, 1920-чу шарахь Гуьржийчоьно шена тIехь геноцид латтийна хилар бакъдаре кхойкху хIираша. Ишттачу хьежамаша исторех йохк-эцар ярал совнаха, терминийн а бойъу мах.
– Ткъа хьан лаьхкина чергазий Кавказера?
– XIX бIешарахь лелларг, мухIажиралла, Къилбаседа Кавказера къаьмнаш бусалба Туркойчу дIакхалхар – талланза юьсу теманаш ю. Олийла дац массо а зуламаш Оьрсийчоьно дина. Шина империно эцна оцу боламах пайда: Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а. Мегар дац хьолаца беккъа цхьа бос ган, - тешна ву Оьрсийчоьнан Iилманийн академин дуьненаюкъарчу экономикан а, юкъаметтигийн а институтан коьрта белхахоч Муханов Вадим.