Кавказерчу телеграм-каналашкахула даьржина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас, республикера Конституцин кхел дIакъовлуш, буха куьг яздан кечдинчу документан проектан сурт. И документ шегара цахилар хоуьйтуш вист ца хилла я Калиматов а, я цуьнан гонера цхьа а. Довзийтинчу омрано бахарехь, тIекхочучу ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь конституцин кхел йоцуш йиса мега ГIалгIайчоь.
ГIалгIайчуьра Конституцин кхел гIараелира цо Нохчийн а, шайн а республикаша доза къастош бина барт низамехь бац аьлла сацам арахецча. Мехкан куьйгаллехь волчу Евкуров Юнус-Бекан цул тIаьхьа дийзира и сацам Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле бала. Ткъа Москвахь нийса бина лерира дозанах болу барт.
ГIалгIайчоьнан Конституцин кхело рогIера гIулч яьккхира: махкахоша доза къастор харцо а лоруш, хIиттабе протестан гуламаш бохо гIертар харцо ю элира. Ткъа Iедало магош бацара гуламаш, лоьцуш бара уьш кхайкхийна жигархой.
Билгалдаккхар: 2018-чу шеран гурахь шина мехкан куьйгалхоша республикийн дозанашкара латтанаш вовшашка дIаса а луш, доза билгалдоккхуш, тIечIагIбира барт. Зазадоккху-беттан 26-чохь протестан гуламе бевлира нах ГIалгIайчохь. ШолгIа дийнахь дIасалаьллира гулам. Леца болийра жигархой. Жоьпе озийна 44 стаг. Царех 8 адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лору.
"Регионашкарчу конституцин кхелашна дина таIзар"
Низамо Оьрсийчоьнан муьлххачу а субъектера конституцин кхел дIакъовла магадо, боху Бакъонийн а, юкъараллерчу политикан а Институтан юриста Исаков Виталийс.
"Мехкан куьйгалхочо кечйина низаман проект Халкъан кхеташоно тIечIагIйича, иза бакъоне йолу. Цуьнгахьа кхаж таса беза депутатийн дукхалло. Мехкан куьйгалхочо шеггара дIасахоьцийла дац и тайпа кхел", - билгалдоккху юриста.
Исаковс бахарехь, вуно пайде ю регионашкара конституцин кхелаш: цара до Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан дан бакъо йоцург – низамалла толлу меттигерчу Iедалан сацамийн. "Цундела, нагахь санна и кхел дIакъовлахь, ГIалгIайчоьнан халкъ дуьсу шайн бакъонаш ларъечу кхин а цхьана хьукматах даьлла", - боху Исаковс.
Цо хоуьйту бакъонца йолчу пачхьалкхехь Iедал кхаа декъе декъалуш хилар: "Царех цхьаъ юкъахдаьккхича, баланс юху. Халкъ дуьсу Iедалний, парламентаний юкъайоьлла конфликт ерзош болу ницкъ боцуш".
ГIалгIайчуьра Конституцин кхел дIакъовлахь, изза дан дагадан тарло кхечу регионийн куьйгалхошна а, аьлла хета Оьрсийчоьнан
нийсонан кхелан университетан доцентана Кряжкова Ольгина.
"И тайпа кхелаш дукха яц, гIалгIайнчуьнца цхьаьна 15. Кестта хIаллакъян а тарло регионашкара и институт. Стенна нисдала тарло? Дукха хан йоцуш юкъабаьхначу конституцин хийцамаша магадо иза. 118-чу декъехь охьаягарйина ю массо а кхелаш, амма яц царалахь конституцин кхелаш. Регионашкарчу конституцин кхелашна дина таIзар ду иза", - иштта довзуьйту хьал Кряжковас.
"Iедало ловш яц халкъо ша-шена магийна маршо"
ГIалгIайчоьно халахетарца дийцаредо махкара Конституцин кхел йохо гIертар. "Тайпанийн кхеташоно" кехат хаьжийна Калиматов Махьмуд-Iелига проект юхаэцар доьхуш. Конституцин кхел йохор "пачхьалкхаллина тIе куьг дахьар ду", боху кехато.
Москва ю кхел йохо магош ерг, тешна ву юкъараллахо Балаев Башир: "Кхел йохор, шеко а йоцуш, лакхара охьаболийна некъ бу, мехкан куьйгалхочо шеггара дийр дац иза. Низам а дохош, Нохчийчоьне латта дIадалар зулам ду аьлчхьана дуьйна ша-шена кхел йина Конституцин кхело. Iедало ловш яц халкъо ша-шена магийна маршо боху цо. Iедало еллачу бакъонашца а, цунна луучунна тIехь бен яц Оьрсийчохь кхелаш, уьш Iедалан ю, халкъан яц".
Конституцин кхел шена дуьхьалъяьлар ца лайна Калиматовс, цундела йохо воллу, цуьнан позицеш ледара ю цкъачунна, шо бен дац Iедале веана, цундела даржехь ондавала гIерта, аьлла хета Лакхарчу экономикан школерчу политологна Иванов Евгенийна.
"Калиматовгахьа ду шена дуьхьал хила тарлуш йолу институташ йохор, Конституцин кхеланна дуьхьал ца латтало иза, ткъа оцу хьукматан коьртехь ву Нохчийчоьнца доза къастош бина сацам харц лоруш волу юрист Гагиев Аюп, цо, масала, кIезиг ду бохура республико молханаш эца бюджетера делла ахча. Ишта критика ловр яц Калиматовс,"- боху Ивановс.
ГIалгIайчоьнан Халкъан кхеташонан низам кхиоран декъерчу депутаташа хаийтина шаьш Калиматовс кечйинчу проектана реза доцийла, хаам бина республикан Iедалерчу хьосташа Кавказ.Реалиига.
ГIалгIайчохь Конституцин кхел "дIакъовлуш ю" аьлла даржжашехь, луларчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Iедалан телеграм-каналашкахь дийца даьккхира, хIирашна а ду шайн конституцин кхел латто хала, дукха харжаш хуьлу, аьлла. Амма гIалгIаша и кхел йохор низамца ца догIу, аьлла, Калиматовн гIулч емал ян йолийча, хIирийн Iедалан интернет-хьостанаша шайн контентера дIабаьккхина Конституцин кхеланна бен латкъам.