Барт марзбен меттиг - MagGroz
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн, гIалгIайн кхача кечбечу MagGroz (МагасГрозный) ресторано гойту шина къоман вовшашка, марзо йоцург, кхин цхьа а "гамо" хуьлийла йоцийла. Ткъа Петербургерчу оцу хIусамехь иза дац коьртаниг – ду цига вайн шина къоман нахал а дукха оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а векалш лела буьйлабалар. Царна вуно тайна баIарш, далнаш, чIепалгаш, кхидолу нохчийн, гIалгIайн даарш. Амма, вайна ма-хаъара, чомехь кечдинчу текхо хазйо адамийн юкъаметтигаш!