Делан Элча вина де мовлад дешарца даздира Йоккхачу Новгородехь
Your browser doesn’t support HTML5
Мухьаммад-пайхамар вина де даздеш бу бусалбанаш дерриг а дуьнентIехь. Нохчийчохь дуккхаа адамаш цхьаьнакхеттера Шеларчу Пайхамаран цIарахчу рузбан-маьждигехь. Йоккхачу Новгородехь нохчаша а, кхечу бусалба къаьмнийн векалша а мовлад дийшира Делан Элча хестош, шайн коьртехь оцу гIалин а, Новгородан мехкан а имам Абубакар а волуш. Цунах лаьцна ю Маршо Радион корреспонденто яьккхина хIара видео.