Венехь тIелатар динчу оршотан сарахь а, буса а хилларг хIун ду ца хууш, зуламан бахьана ца кхетош, сингаттамехь яра ерриг а Австрин юкъаралла. Массарел а дукха буй-те аьлла синтем байна хан яьккхира цигарчу нохчаша – шайн къомах схьаваьллачу стага кху деношкахь Парижехь дина зулам шаьш ишта а хала ловш хиларе терра.
Амма шинарин дийнахь билгалдаьлла Венехь герз детташ нах байъинарг нохчех вацар.
Венехь иккхинчу зуламан хьокъехь нохчийн диаспорийн цIарах дош а олуш, беллачех официалехь кадам бина Европерчу нохчийн ассамблеяно.
"Оха, Европерчу нохчийн ассамблеяно, халахетарца кадам бо, тхаьш Австрин халкъаца дуйла хаийтарца, тхайх цхьаберш Австрин халкъан дакъа хиларе терра. И ирча зулам емалдо оха доггах, цунна буха диллина бахьана мухха а делахь а, бехкениг милла а велахь а. И тайпа тIелатар – бертахь а, вовшех дуьззина кхеташ а дехачу вайна массарна а дуьхьал дина зулам ду. Бац динехь гIелоярна а, цабезамна а меттиг, оцу сакхташца къийса а деза низаман ерриг а шогаллица ", - боху дIахьедарехь.
- Лахьан-беттан 1-чу дийнан сарахь герзаш детта долийра Вена гIалина юккъехь. Полици яра герзахой лохуш. Маса топ етташ хьийзачо вийра 4 стаг, лазийра 15. Иза ша а вийна полицино, Австрин чоьхьарчу г1уллуакхийн министро бахарехь, зуламаш дан воллавелла 7 минот яьлча. Болчу хаамашца, зуламаш дан араваьлларг хилла Австрин а, Балканашкарчу цхьана пачхьалкхан а паспорташ долу Венера вахархо.
- ТIаьххьарчу деношкахь Европехь массех тIелатар дина, уьш терроран могIара даьхна Iедалша. Францехь хиллачу терроран тохаршца мел зIе ю Венехь хиллачун хууш дац цкъачунна. Францин президента Макрон Эммануэла кост хьажийна, ша "саготта ву Венехь хиллачунна, Францина диначул тIаьхьа тIелатар дина цуьнца гергарлонехь йолчу Австрина, хIара вайн Европа ю, мостагIчунна хаа деза, ша хьанах лета, вай охьатовIур дац", аьлла.
-