Америкерчу президентан харжамашкахь тIаьххьара йисинчу 3-4 къийсамечу штатехь дагардечу бюллетенаша вице-президент хилла Байден Джо толамана герга а волуш, карарчу хенахь президент волчу Трамп Дональда масийтта дIахьедар дина, хуьлучунна критика еш.
Мехала йолчу 4 штатах толам баьккхинарг билгалваьлла воцчу 3-нхьа шина кандидатана деллачу кхаьжнийн башхалла лахъелла Лахьанан-беттан 6-хь. Иштта хьал хIоттарна синтем байна бу америкахой, хIунда аьлча, уьш ладоьгIуш бара харжамаш хиллачул тIаьхьа 2 де даьлча мукъане а церан жамI хир дацара-те бохуш.
Байден тIаьхьакхуьш ву Трампана Пенсильванехь а, Джорджийахь а. Карарчу хенахь цу шинна тесначу кхаьжнийн башхалла яц, 1709 бюллетень а бен.
Оццу хенахь Байден хIинца а жимма хьалхаваьлла воьдуш Невада а, Аризона а штаташкахь. Цу шина штатехь толам баккхахь цо гулбийр бу толам баккхарх лаьцна сацам бечу харжамхойн коллегин декъашхойн шена оьшуш болу лаххара а 270 кхаж.
Карара хьал хийца ца лахь президентан даржехь виса хала хир долчу Трампа масийтта дIахьедар дина, хIинца а бюллетенаш дагардина даланза долчу штаташкахь бозбунчаллаш лелорах лаьцна, ерриг пачхьалкхехь кхелашка искаш лур ю ша аьлла кхерамаш а тосуш.
Байден президент хIуттур ву, Пенсильванехь я кхечу кхаа штатехь – Джорджийахь а, Невадехь а, Аризонехь а - толам баккъахь.
Трампана хало хир ду президентан даржехь виса: цуьнан кхин дIа а лидер виса дезар ду Пенсильванехь а, Джорджийахь а, Невадехь я Аризонехь Байден тIаьхьа а вуьтуш.
Иштта гIоьртина хьал харжамийн карти тIехь а долуш, Трампан агIончаша юридикан гIулчаш яха йолийна, кхажтасаран процесс хьокъехь къийсамаш а болош, харжаман жамIаш шеконе а дохкуш.
Трампан штабо юкъагIортар дехна Американ Лаккхарчу кхеле, Пенсильванехь юкъаяьккхина йолу почтехула кхажтасаран процесс нийса цахилар хьокъехь бина латкъам луьстуш. Оцу штатехь дагардан бакъо ю, харжамаш хуьлчу дийнахь схьаэцна аьлла тIехь почтан штамп йолу бюллетенаш, харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа 3 де даьлча уьш харжаман куьпе дIакхаьчнехь.
Трамп дуьхьал ву Лахьан-беттан 3-хь харжаман каппаш дIакIевлинчул тIаьхьа даийтина бюллетенаш дагардарна. Кхелан сацам бу уьш дагардан мегар ду аьлла, меттигерчу низамаша иза дан бакъо лучу штаташкахь.
Лахьан-беттан 5-чохь сарахь тIаьхьо КIайн ЦIийнехь хиллачу брифингехь Трампа юха а дIахьедира, "демократаш харжамаш лачкъо гIерташ бу" аьлла.
"Тхуна хетарехь, кхелашкахь дуккха а листарш хир ду", - элира Трампа, харжамаш хиллачул тIаьхьа буса ша йинчу дуьххьарлерчу комментарехь. "Эххаре а, суна хетарехь, коьртаниш хир бу кхелахой", - тIетуьйхира цо.
Президент вистхиларна трансляци ечу Twitter а, Facebook а социалан машанаша оцу контентана тIе йозанаш дахкара нах варе беш, иза харц хила мега аьлла. Цхьаболчу эксперташа шеконе дуьллу кхелашка бинчу латкъамаша эххаре а хин долчу харжамийн жамIашна Iаткъам бийр бу бохург.
Лахьан-беттан 5-хь Мичиганан суьдхочо юхатуьйхира, оцу шататехь сихонца сацо деза хан чекхъяьллачул тIаьхьа а кхаьжнаш дагардар аьлла, Трампан агIончаша бина латкъам.
Шен агIор Байдена кхайкхам бина америкахошка харжаман процессах теша аьлла, кхаьжнаш дагардинчул тIаьхьа ша тоьлур хиларх ша тешна хилар а хоуьйтуш.
«Цхьа а вац вайгара вайн демократи дIаяккха дагахь. Я хIинца а, я цкъа а", - яздира цо Твиттерехь, Трампа къамел динчул тIаьхьа.
"Америка дукха генаяьлла, дукха тIемаш бина, дукха хIума лайна цо, иза ца хилийта", - яздина Байдена.
ТIаьххьара болчу хаамца, тамаша балла драма ю Джорджийахь: Трампана а, Байденна а деллачу бюллетенийн башхалла яц 463 кхаж а бен, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.