Нохчийчоь - журналистика йоцу мохк
Your browser doesn’t support HTML5
"Кадыров Рамзан хилира…", "цо элира", "цо пхьор дира", "декъалвира", "маж ешира", "спортзалехь дегI дайдеш ву"— иштта буьйлало Нохчийчоьнан Iедалан "Грозный", "Вайнах" телеканалашкахь коьрта хаамаш. Изза керланаш даржадо Нохчийчуьрчу прессо а, интернет хьостанаша а. Ткъа хIун хилла социалан гIайгIанаш, мехкан лазамаш балхош баьхначу журналистех? Стенгахь бу коррупци Iорайохуш, адамийн бакъонийн дискриминацех, къоман гIайгIанех яздеш хьийзинарш?