Бостонерчу марафонехь лелхийтарш динчу ЦарнаевЖовхIаран адвокаташ, Boston Globe газето яздарехь, жоп дала дезаш бу еарин дийнахь, ГIуран беттан 17-хь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхарчу кхелана, цунна вен йина кхел юхаяккхар бахьана долуш Американ Iедало хаттам барна.
Лахьанан беттан 24-хь Лаккхарчу кхело кхин а 10 де делира Царнаевн адвокаташна, кхелан омра дIадаларх лаьцна дехар аларца бевзаш болчу, Американ Iедалан хаттамна жоп дала.
Кхушара Товбеца-беттан 31-хь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхира 2013-чу шарахь Охан-беттан 15-хь Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина сацам.
Суьдо жамI дира, и гIуллакх луьстуш волчу суьдхочуьнга "адекватан бехккъастархой харжа цабеллера, озабезам ца бан доьналла долу аьлла. Американ Хьалхарчу гонан апелляцин кхелан кхаа кхелахочух лаьттачу коллегино сацам бира кхелан кхеташонийн тIаьххьара долу дакъа юхадIадахьа деза, бухболлуш жамI карор Iалашонца: билггала вен везаш вуй 27 шо долу Царнаев, 3 стаг а вуьйш, 260 стагана чевнаш а еш хиллачу тIелатарехь дакъалацарна.
"Цхьа а шеко хуьлийла дац: Царнаев ЖовхIара шен йисна хан токхур ю набахтехь. Хаттар вуьйр вуй иза, бохучух лаьцна", - дIахьедира суьдхочо, вен кхел йинчул тIаьхьа, хаам бира Associated Press агенталло.
Кхелан процесс йолалуш Царнаевс а, цуьнан адвокаташа а даре дира цо а, цуьнан воккхаха волчу вашас Царнаев Тамерлана а ши бомба эккхийтина хилар марафонан финишан сизна герахь.
КХИН А ХЬАЖА: Царнаевна вен кхел еш бина сацам цахийцар доьху прокурорашаАмма цара юх-юха а чIагIдора Царнаев кIезиг бехке ву, шен воккхаха волчу вешел а, бохуш. Тамерлан ву бохура цара тIелатар дан дагадеанарг а, иза кечдинарг а. Иза вийра полицин эпсаршца хиллачу герзаш дIасадеттарехь.
Апелляцин кхелан сацам хиллачул тIаьхьа гIуллакх дIаделла лахахь лаьттачу гонан кхеле, кхелан сацам беш хиллачу тIегIантIехь керла процесс дIаяхьа.
Террорхо Царнаев ЖовхIар вуьйш кхел кхочушяйта хьовсур бу федералан Iедалхой аьлла, дIахьедира кхин а кхо де даьлчча Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда.
Трампа шен Твиттерехь яздира: "Бостонера террорхочунна Царнаев ЖовхIарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац. "Пачхьалкхехь лелийначу къизаллашлахь уггар а къиза теракт дара иза" аьлла, кхелахоша дIакхайкхинашшехь, апелляцин кхело вен кхайкхош бина сацам юхабаьккхина", - аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: ЦарнаевгIара Бостонехь дина зулам дагадоуьйту "Патриотан де" кинохьТIаьхьо Американ инарлан прокуроро, юстицин министро Барр Уильяма дIахьедира, Царнаевна вен йина кхел юхаметтахIоттаяйта хьвсур ду шаьш аьлла. И гIуллакх Лаккхарчу кхеле лур ду шаьш, элира министро Барра.
Нагахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхара кхел и гIуллакх листа реза хилахь, цо юхаметтахIотто мега Царнаев вен кхел еш бина сацам я тIечIагIбан мега Товбеца-беттан 31-хь апелляцин кхело иза юхабоккхуш бина сацам. Boston Globe газето билгалдаккхарехь, мухха делахь а йисна хан Царнаевс йоккхур ю набахтехь, кхелан протоколаша иза гойтуш ма хиллара.
Царнаев ЖовхIар латтош ву Колорадо штатехь йолчу вуно чIогIа ларйеш йолчу набахтехь.
Хара материал еша аьтто бу оьрсийн маттахь кхузахь.
КХИН А ХЬАЖА: Адвокаты Царнаева ответят в Верховном суде США, в связи с запросом правительства о пересмотре решения о применении смертной казни