1990–2000-чу шерашкахь Нохчийчуьрчу тIемашкахь дакъалаьцна нах жоьпе ийзабо Оьрсийчохь. ТIаьххьара лецначех бу вежарий ИдаловгIар. 2000-чу шерашкахь амнисти кхайкхийнера царна, амма деношкахь и шиъ бехкевина тIеман гIаттаман декъашхо хиларна а, Iедалан ницкъашна тIелатарна а. Стенна ца лардина амнистистин хьелаш, стенна ца эцна тидаме лаца тору хан чекхъяьлла хилар? ХIунда бац лоьцуш Нохчийчохь зуламаш дина Оьрсийчоьнан эскархой? Иштачу наханна дуьхьал бехктакхам айбеш хилча, кхерамна кIел ца хIутту Нохчийчоьнан таханлера куьйгалла, оццу декъахь ша Кадыров Рамзан а волуш? Оцу хьокъехь яздо Кавказ.Реалиино
Лахьан-баттахь ницкъхоша лаьцна Алсамбек а, Саламбек а ИдаловгIар – царна бехке дуьллу 1999-чу шеран ГIадужу-баттахь Оьрза-ГIалина (Черноречье) гергахь Оьрсийчоьнан эскарна тIелатар. Кхелан сацаме хьал кхачанза делахь а, Iедалан ницкъаш тешна бу лецнарш "Басаев Шемалан а, Хаттабан а бандтобанашкара" хиларх. Бахарехь, талламчашна цара оцу тобанашкахь лелийнарг къастор бен дац дуьсуш.
"ТIелатаршкахь цара дакъалоцучу хенахь цара билггал хIун деш хилла, церна хIун дакъа кхочуш хилла толлуш ду, зуьйш ву и шиъ муьлхачу кхечу зуламийн декъахь ву", - дIахьедина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан официалерчу векала Петренко Светланас.
Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексо стаг жоьпаллах хьалха воккху, нагахь санна цо дина зулам 15 шарал хьалха дина делахь (ткъа динарг сов доккха зен дацахь, кхин а хьалхе мукъавуьту бехках). И тайпа хенан йохалла яцйо, нагахь санна стаг жоьпаллах хьалхавалархьама, талламах а, кхелах а лечкъаш вехаш велахь.
Оьрза-ГIалина гергахь тIом хилла 21 шо ду – цигахь дакъалаьцна аьлла ийзош ву кхеле ши ваша ИдаловгIар. Баьхний уьш талламах, кхелах лечкъаш? Шинна нанас Хадижас чIагIдарехь, ца личкъина. Цу тIе, 2003-чу шарахь официалехь амнисти йина а хилла царна. Цуьнах лаьцна документаш а ду ненехь.
"Махкахь шолгIа тIом иккхича, уьш баккъал а бахана тIаме (1999-чу шарахь – Ред.). Амма чевнаш йина дукха хан ялале шина а вешина, уьш накъосташа кхачийна шайн цIа. Ас уьш денбан Iерташ, дукха къахьийгира. Асламбек заьIапхо ву. Лахьан-беттан 19-чохь цунна операци яра ян езаш, амма цхьана бахьаница тIехьатеттира. Операци яйта рагI ларъеш Iачу юкъанна дIавигина иза. Лаьцна кхобучохь денлур а вац", – аьлла Хадижас ша Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хьажийначу видео-дехарехь.
Нанас дийцарехь, Лахьан-беттан 26-чохь лаьцна Асламбек Москвахь, ткъа Саламбек – Дагестанерчу Хасу-Юьртахь. Шинна а ду доьзалехь жима бераш. Хадижас дийцарехь, шайна амнисти кхайкхийначул тIаьхьа ца хилла цуьнан ши кIант цхьана а тIамехь. "Иза тIечIагIдойла ду тхан юьртахь, ерриг а кIоштанна хаьа иза", – боху Нохчийчуьрчу Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь ехачу Хадижас.
Амнисти йинчул тIаьхьа Гуьмсехь школехь хьехна Асламбека. Цул тIаьхьа, 2012-чу шарахь болх бина Москвана гергахь индустрехь. Саламбека гIишлош ечохь къахьегна. Цхьа а ца хилла царех Iедалх лечкъина вехаш, дуьйцу нанас.
Кадыровга гIодоьхуш, цо боху: "ГIо дахьара ахь суна нийсо лохуш, цхьабахахьара ахь Iедалхошкара сан кIентий – уьш хIаллакбийр бу цигахь. Сан могашалла яц иза лан".
Лаца кхайкхийна боцчу бахархошка герз охьадиллар дийхира 2003-чу шарахь мехкан куьйгаллехь волчу Кадыров Ахьмада, дукха хана ялале амнисти кхайкхийра Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо. БIеннашкахь бара герзаш мукъабовла лиинарш. Цул тIаьхьа маситтаза а кхайкхийра амнисти.
Амма, гарехь, Оьрза-ГIалина уллехь тIемаш бина нохчий кхидIа а леца торуш ду. Талламан комитетан дIахьедаршка ладоьгIча хетало иза. ИдаловгIар лацарх информаци ша яржош, оцу урхалло боху, "болх бу беш тIелетарш дина кхиболу бандиташ билгалбохуш".
Хенан йохаллах долу низам "парггIат дIасахьовзалуш ду", билгалдоккху "Низаман инициатива" ("Правовая инициатива") проектан адвоката Мацев Руслана.
"Цкъа делахь, тIекховдийначу бехке хьажжина ду иза. Терроризмана тIера Iедалан белхахочун дахарна тIекховдаре, бандтобанехь дакъалацарна текхаччалц ю бохкучу бехкийн башхаллаш. ШолгIа делахь, зуламан хенан йохалла сацайола ду, нагахь санна зуламхо къастийна а волуш, иза каронза вуьсуш велахь", – боху Мацевс.
Нохчийчохь зуламаш динийла а хууш, билгалбевлла а болуш дукха бу Оьрсийчохь федералан эскарехь лаьттина нах. Ца лоьцу уьш Оьрсийчоьно шега ур-атталла Европан адамийн бакъонийн кхело шен сацамашца аьлча а. Мацевс бахарехь, хенан йохалло боху иштанаш жоьпаллах хьалха.
Стаг жоьпаллах ведда, къайлаваьлла лору масех башхаллица. Хила тарло иза вехаш ша лоьхуш волчу пачхьалкхехь а.
"Ша лоьху Iедал доллучу гIалахь а лечкъина ваха аьтто бу стеган. Масала, къайлахчу петаршкахь, телефонан сим0картанаш хуьйцуш – оцу тидамаша стаг жоьпаллах уьдург лору. Амма лаца кхайкхийна стаг хьалха санна шен меттехь вехаш а велахь, шен балха леаш а велахь, муха алалур ду цунна иза талламах, кхелах хьулвелла лела?" – цецвуьйлура Кавказ.Реалиица къамел деш адвокат Джамалутдинов Муслим.
Оьрсийчоьнан ФСБ-н дац амнисти йина болу ИдаловгIар стенна лецна аьлла шега деллачу хаттарна дала жоп. Шен балхах а, ша тIеэцначу сацаман мехах а лаьцна шега дечу хеттаршна ша жоп луш дац, боху оцу хьукмато шен сайта тIехь. Делахь а, хьажийнера цига хаттар Кавказ.Реалиино, ткъа жоп – дац.
Амнистино стаг 15 шо даьлча а динчу зуламах мукъавоккхуш вацахь, Оьрсийчоьнна зенаш дарна, цуьнан эскаршна дуьхьало ярна леца безаш нисло тахана Нохчийчохь куьйгалла деш болчу нахах дуккха а. Царах ву, масала, парламентан спикер Даудов Мохьмад а, ша мехкан кьуйгалхо Кадыров Рамзан а.