Нохчийчохь ларм беш даздина Оьрсийчоьнан зорбан Де. Иза юкъадаьккхина ду 1991-чу шарахь, Петр 1-чо 1703-чу шарахь омра делла "Ведомости" газетана зорба тоьхна хьалхара номер араяларан сий деш. Республикан информацин а, зорбанан а министралло вовшахтоьхначу оцу мероприятехь дакъалоцуш бара меттигерчу зорбанан гIирсийн коьрта редакторш а, юкъараллин жигархой а, министраллан белхахой а, шайн коьртехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча, информацин а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад а волуш. Нохчийчохь зорбанан гIирсийн белхахой бу, амма буй-те цигахь маьрша журналисташ?
"Чеченинфо" агенталло ялочу информацица, газеташна юкъахь Нохчийчохь коьрта дакъа дIалоцуш бу республикан а, гIалин а статус йолу зорбан гIирсаш. Царах ду газеташ "Вести Республики", "Даймохк", "Молодёжная смена", "Столица +", ткъа иштта журналаш "Орга","Вайнах", "СтелаIад". Уьш арахоьцуш ду бюджетера ахчанах. Цул сов, Нохчийчохь шайн газеташ ду ерриг а аьлча санна кIошташкахь.
Цара хийцина хьалха хилла регионийн а, масех кIошта цхьаьнатоьхна арахоьцуш хилла газеташ. 1990-гIа шераш дуьйлалуш хиллачу хьолаца дуьстича, республикехь дац цхьа а долахь долу я дозуш доцу газет а, журнал а.
Кавказ.Реалии сайто бинчу талламца, йозуш йоцу жуналистика йоцуш ю таханлерчу Нохчийчохь, иза иштта дац бохуш чIагIдеш зорбан гIирсийн белхахой цигахь белахь а. Иштта хьал хIоттаран коьрта бахьана ду, тхоьца воцург тхуна дуьхьал ву, бохучу кепехь лелар долчу Кадыровн Iедало оцу хьокъехь зорбан гIирсашна тIехь луьра Iуналла деш хилар.
Амма иштта хьал даима а дацара. Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа, Дудаев ЖовхIар Iедале веъча, республикехь арадовлуш дара оппозицин газеташ, болх беш бара кхин болу зорбан гIирсаш. Коьртачу декъана уьш дара Нохч-ГIалгIайн автономин республика йолуш коммунистийн Iедало кхоьллина, амма хан-зама хийцаяларна белхан коллективан дола девлла меттигера коьрта газеташ а, журналаш а.
Цхьадолу оппозицин газеташ шаьш реза цахилар гайта гIертара йозуш йоцучу Нохчийн Республикех Советан Iедал доьхначу маьIаргонна йоццучу ханна хIоттина Нохч-ГIалгIайн Республика бохуш, оцу хенахь, Нохчийчоьнах дIа а къаьстина, буьззинчу барамехь Оьрсийчоьнан Федерацин дакъа ГIалгIайчоьнах хиллехь а.
ТIом боьдучу шерашкахь а, ур-аттал цул тIаьхьа а Нохчийчохь яра йозуш йоцу пресса, тIаьхьарчу хенахь адамашна ницкъбар а, адамийн бакъонаш йохор а хила дезаш долу хIума а хилла дIахIоьттинчу республикехь хуьлург шайн ма хуьллу ма-дарра гайта гIерташ.
Амма дерриг а хицаделира Iедале Кадыров Рамзан веъча. "Американ аз" портало яздарехь, журналисташ а, бакъонашларъярхой а хьийзо доладелира Кадыровс урхалла дон нохчийн Iедал, иза президент хIоьттинчу 2007-чу шарахь дуьйна: Нохчийчуьра дахар дуьйцуш болу маьрша интернет-гIирсаш, ша аьлча "Кавказан хан" сайто оцу хенахь яздора Кадыровн администрацерчу Iедалхоша оцу республикехь цензура лелош а ю, редакцешна Iаткъам беш а бу бохуш.
ТIаьхьо цунах лаьцна яздан долира дуьненаюкъарчу тIегIантIехь. "Доза доцу репортераш" юкъаралло шен дIахаийтарехь 2011-чу шарахь хаам бира, нохчийн медиа гIирсашкахь "шаьш шайна цензура еш хиларх а, лаьттачу кхерамах а" лаьцна.
Маршо Радион Оьрсийн сервисо (Радио Свобода) яздарехь, 2015-чу шарахь Эвтарарчу нохчийн блогеро шен инстаргамехь беламе хьахийнера "Сан тоьлла доттагI президент Путин ву", бохуш йиш лоькхуш спортан чоьнехь дегIметтахдоккхуш волу Кадыров Рамзан. Кхиазхо хьийзира чухула духарца, изза лоькхуьйтуш йишаа йолуш, водучу коьчаллина тIехь уьдуьйтуш. "Со карор вац моьттуш, ас Instagram-хь яздинера яздан оьшуш ца хилларг" – боху Дикаевс видео тIехь...
Цул тIаьхьа 5 шо даьлла. Кадыровх лаьцна хьовха, цхьана а цунна уллерчу Iедалхочух лаьцна хIумма а дийца хIуьттуш бац Нохчийчуьра бахархой. Царна хаьа шаьш бекхам ца беш дуьтур доций. Кхин дукха ца дийцича а, тоьар ду дукха хан йоццуш Кадыровна лийна болу нах Венехь а, Берлнехь а байар а, Швецехь нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо вен гIортар а хьахийча а.
Нохчий шайн куьйгалхошна критика ярх ларло ур-аттала социалан машанашкахь а, ткъа республике болх бан богIуш болу журналисташ, уьш оццул дукха а бац, ловш бу хьул а ца деш, шайна тIехь ницкъбар.
Къеггина тоьшалла ду цунна "Новая газетан" журналистца Милашина Еленица хилларг. Стохка Чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалахь йиттира цунна а, цуьнца хиллачу адвокатана Дубровина Маринина а.
Цаьршинна тIелатар динера и шиъ блогерна Нуханов Исламан тIехь кхел еш терго ян еъча. Оцу стага YouTube-хь дийцинера Кадыровн а, цуьнан ганарчу нехан а токхе дахарх лаьцна. ТIелеттачара шаьш дечун видео йоккхуш хиллера. Милашина тешна ю цара иза деш хиллера бохучух шайн хьаькамна отчет ялархьамма.
Маьршачу журналисташна кхераме меттиг юьсуш ю Нохчийчоь. Цундела уьш севцна цига ца боьлхуш. Балхана оьшу хаамаш лахьо гIерта уьш, меттигерчу журналистех пайда а оьцуш.
Сокирянская Екатерина конфликташ ца хилаийран анализ яран центран цуьйгалхо ю. Цо чIагIдарехь, Нохчийчохь дуккха а бу дика, шайна юкъахь бозуш бозурш а болуш, журналисташ. Кавказ.Реалии сайтана интервью луш цо дийцира цара дехьа-сехьа ца гIерташ, позици лоцуш хиларх лаьцна, кхеташ долчу бахьанашца: "Нохчийчоь дуккха а журналисташ бу, бозуш боцурш а бу. Амма маьрша журналистика яц цигахь, цхьа а шеко а йоцуш! Маьрша шена хетарг дийца хьелаш дац цигахь. Республикехь хIоттийна ю тоталитаран раж. Цундела цхьа а маьрша журналистика яц Нохчийн Республикан территори тIехь".
Бакъонашларъярхочо билгалдаккхарехь, дукхаха болу журналисташ болх беш бу шайна Iедалша тоьхначу дозанашлахь.
Нохчийчохь хилла ца Iаш, журналистика хьалха санна кхераме гIуллакх хиларх лаьцна дуьйцу "Журналисташ ларбаран комитето" бечу талламаша. Церан жамIаш довзуьйту оцу комитето хIора шарахь. Иштта стохка ГIуран-бутт чекхболуш "Доза доцу репортераш" юкъаралло бинчу хаамца, 2020-чу шарахь дуьнентIехь вийна 50 журналист.
"Сноб" зорбан гIирсо бинчу хаамца 1992-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц дуьнентIехь вийна 1331 журналист, царах 83 вийна Оьрсийчоьнан территори тIехь. Ткъех гергга царах ву Нохчийчохь вийна.
Хала хеташ делахь а, байъинчу журналистийн билггала долу терахь хууш дац. Церан тептар каро аьтто бу Википедехь, делахь а цу тIехь а яц щайн белхан декхар кхочушдеш кхелхинчу журналистийн ерриг а цIераш.
Перевод статьи на русский язык можно прочитать здесь.
КХИН А ХЬАЖА: Чечня остается опасным местом для журналистов