Къилбаседа Кавказна ток латточу "Россети Северный Кавказ" компанино бечу хаамца, регионехь 35-зза гучудаьлла баккхийчу барамашкахь майнинг-ферманаша ток лечкъор, хьовзийна ток ю 230 миллион соьманна.
24-зза оцу кепехь ток лачкъийна Дагестанехь 90,4 млн соьманна. 7-зза -ГIалгIайчохь, I38 млн соьманна, Нохчийчохь майнерша лдачкъийна ток 1,4 млн соьманна, боху компанин векалша.
Гучудаьхначу къоланех дукхахдерг тергоне эцна низамхоша, айдина бекхтакхаман девнаш.
- Майнинг – иза криптовалюты доккху компьютерш латтор ду. Иза яц цхьанна долахь, цундела биткоин-валюта яккха таро ю хьеннан а. Майнерша шайн компьтерш латтайо транзакцеш чекхйохучу системин пайденна, цунах ло царна электронан криптовалюта. Яккхийн харжаш хуьлу майнершна еза компьютерш оьцуш а, царна ток латтош а.