"Лулахойн кетIа туьханан кана йоьхкира цо". Кхин а цхьа «хIумахуург» лаьцна Нохчийчохь

Холмачалла лелош хилла цо аьлла, меттигера яхархо Махмуева Шема лаьцна Нохчийчохь полицино. Цхьана хIусаман кетIа цо туьханан кана тосучу хенахь видео а яьккхина, лулахоша Iедале хаамбина хилла цунах лаьцна, дуьйцу "Грозный" телеканало.

Репортажехь билгалдккхарехь, Махмуевана хетарехь, "бозбунчалаш" а лелийна, шен котамаш яьхьначу лулахочух ларлуш хиллера иза.

Махмуеваца лулахь ехачу цхьана зудчо чIагIонаш йо, цо кховдийна Iаж биинчул тIаьхьа, могушалла ийгIина шен аьлла.

Холмачалла лелочу зудчо пайдаоьцуш хилла тIулгIех а, луьйца йолларх а.
"Цуьнан хIусамехь карийначу хIуманашна тIехь Iарбойн а, нохчийн а йозанаш ду Библи юкъарчу дешнашца вовшахъийна", - дуьйцу сюжетехь корреспонденто.

Шегарчу корматаллина нах Iамош а хилла Махмуевас, карарчу хенахь хIоьттина пандеми бахьана долуш, дистанцехь хьоьхуш хилла иза, боху журналисто.

Меттигерчу исламан медицинан центран коьрта лор, Iеламча Эльжуркаев Адам ву камерана хьалха зудчуьнгара бехкаш дохуш.

Стохка Чиллан-баттахь а лецира Шелковск кIоштарчу полисхоша пал тосу зуда а, цунна гIоден «ассистент» а. Меттигерчу «Грозный» телехьожийлехь гайтиаа уьш а.

Хьалхарчо – Шапианова ТIауса (иштта йовзуьйту иза сюжетехь) – «дуьйцуш хилла хиндерг, тIеозош хилла диканиг», ткъа шолгIачо – Абубакарова Зулайс – лохуш хилла ТIаусна клиенташ, шена «догIу дакъа» дIа а оьцуш.

Лецначаьрца цхьаьнакхеттера исламан медицинан центран коьрта лор Эльжуркаев Адам. Зударша юьхьаръэцначу некъо уш «жоьжахатIе буьгуш бу», элира Iеламчас.

ТIехьовсийна камераш а йолуш, зударша дош делла кхин пал ца тийса, ткъа гергарчара чIагIойина царна тIехь «само латто».