ХIун таIзар дан тарло Джумаевна?

Your browser doesn’t support HTML5

Джумаев Сайд-Мохьмадан, 21 шо долчу Москварчу студентан цIе йоху тахана вуно дукха наха. «Москварчу дуьхьалонан гуламе иза ца ваханехьара, цигахь шена тIе чхьонкарш еттачу полисхошна дуьхьал ца леттехьара…» - иштта олу Iедало лаьцначу кIантанна сагатдечара. Иза шайн лаамехь ца вахана гуламе, шайна муьтIахь хилла вац, аьлла Нохчийчуьрчу гергарчара. Мухха а делахь а, лаьцна Джумаев, тарло набахте хьажо а. Оьрсийчохь дуккха а шерашкахь болх бина волчу, тахана Австрехь вехачу Садаханов Зоврбеке дийхира Маршо Радионо студентанна дан тарлучу таIзарх лаьцна дийцар.