Боьхначу даймахка маршаллица. Депортацехь хиллачу нохчочун дийцар

Бетишев Хьусайн а (аьрру агIор), Ведзижев Эрка а

Сталинан депортаци – Оьрсийчуьрчу къаьмнийн йоьрзуш йоцу чов. 77 шо кхочу нохчий а, гIалгIай а шайн доьзалийн дакъош мацалла, шелонах деллачу Юккъерчу Азе дIакхалхийна. Ша, нохчо а, шен доттагI гIалгIа а депортацин шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу боксан турнире хьажорах а, шаьшшимма юхавоьдуш шаьш даймахкара латта дахьар а догалоьцу нохчийн Гермачик юьртарчу Бетишев Хьусайна.

Билгалдаккхар: Советан Iедало депортаци йира итт къоманна: корейхошна, немцошна, финнашна-ингерманландхошна, кхарачошна, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, балкхоршна, гIирма-гIезалошна, туркошна-мехкетахошна. Царех ворхI къам – немцой, кхарачой, гIалмакхой, гIалгIай, нохчий, балкхарой, гIирма-гIезалой бехира шайн автономех.

Да-нана деллачул тIаьхьа со а, сан ваша Iаьнди а Джамбулан областера шаьш дехачу Гурьеве дIавигира тхан шичоша Тапас а, Бийлака. Цигахь, йоьлгIачу классехь, со боксе лела волавелира. Сол дуккха а хьалха оцу секце лелаш вара гIалгIа Ведзижев Эрка. Тхойшиннан доттагIалла тасаделира, цхьана вара тхойша массо а къовсамашкахь, толамаш а цхьаьна бохура.

1954 шарахь дара иза. Тхойша секцера ваьлча, сацийра тхан тренеро, элира, Кавказехь, Соьлжа-ГIалахь, турнир ю хуьлуш, шуьша цига вохуьйтуш ву. Элира алссам бокс еш, дегI кепехь латтаде.

Тхойша цецваьллера, аьлча а, Iадийнера хаамо, ца тешалора. Казахстанехь вайнах еккъа цхьана ойланца бехара – даймахке сатийсарца. "Салам Iалайкум! " оллушехь, цхьаъ дара хоттуш: "Вай цIа маца дохуьйту, хIумма а дац хезаш? " Оцу хьелашкахь спортан тобанах а тоьхна, тхойша Соьлжа-ГIаларчу турнире вахийтар чIогIа тамаше хIума дара!

Оха цIерачарна хаийтира тхаьшшиъ воьдуш хилар. Хабар оцу сахьта дIасадаьржира, суний, Эркиний тIе дукха нах оьхура, нохчий а, гIалгIай а, Массара а хьоьхура муха лела веза даймахкахь, доьхура шайн-шайн ярташкара хьал зер.

...элира: "Шуьшиъ ца вуьту къовсамшна юкъа.  Бахьана шуна хууш ду. Суна боккха хьовзаш хир бу шуьша кху гIала валорна"

Новкъаволу де тIекхечира. Аэропорте валийра тхойшиъ – 13-14 кIант вара тобанехь. Оьрсаша "кукурузник" олучу кеманца Соьлжа-ГIала даьхкира тхо.

Къовсамаш Заводской кIоштарчу Ленинан царахчу синмехаллийн цIийнехь дIахьош бара. 3-4 де дуьсура турнир йолаяла. Со а, Эрка а гуттар а летаршна кечамаш Iара спортзалехь. Иштта тIекхочуш бара барам. Де дисича тренер веара тхойшинна тIе, юьстах а ваьккхина, элира: "Шуьшиъ ца вуьту къовсамшна юкъа. Бахьана шуна хууш ду. Суна боккха хьовзаш хир бу шуьша кху гIала валорна".

Довхачу дийнахь шийла хи тIедоьттича санна вара тхойшиъ. Дош ца алалуш висинера. Оха дага мел лаьцнарг дуьйхира цу сахьта. Иштта, воьхна, де даьхьира ас а, Эркас а, ткъа турнир тхойша декъахь а воцуш йолаелира.

ТIаьххьара а охьахиина, тхаьшшинна Iалашо къастийра оха – гергарчара гIо баьхначу тхайн юьрта ваха. Эркигахь фотоаппарат а яра цу тIе. Тренере дийхира оха тхаьшшиъ Гермачика вахийтар, дош делира сарале Соьлжа-ГIала юхаван. Халла магийра тхойшинна ваха, Iуьрре аравелира сой, Эркий.

Гермачикан цIе хийцина хиллера, "Мостовая" яра керла цIе – тхо хоьттуш дIаоьхура, наха хаийтира тхуна иза. Некъаш гIамартIулган бара, "полуторкаш" етталора наггахь новкъаца, цаьрца кхечира тхо Мостовая юьрта.

Кхузахь муха хуьлийла ду нохчий! Оха юха а ладуьйгIира – иза баккъал а дара нохчийн аз!

Юрт йолалуччохь охьадиссира тхо машен тIера. Хаза дара гобаьккхина: урамийн йистошца охьаоьху татолаш, царна чохь луьйчу бедаш, гIезаш, котамаш. Амма дерриг а сурт дохадора хичохь зIакардаьхница цхьаьна хьакхийн кортош гаро. ЦIенойн доьхначу пенаш, зарзделлачу серийн зIараш дара гонах. Адамашка хьоьжура тхойша, уьш тхоьга, юткъа чпортан хечеш, кучамаш йоьхна вогIучу шина кIанте. Цец хьоьжура тхан агIор, амма дош ца олура цхьамма а.

Иштта дIакхечира тхойша юрт шина декъе йоькъучу Джалка хитIе. Хечийн когаш хьал а бина, хих дехьаваьлла, боккхачу урам тIе, хIинца юьртан доккха маьждиг лаьттачу агIор дIаволавелира Эрка а, со а. Цигара кхечу цхьана готтачу урам тIе а ваьлла, дIавоьдура. ЦIеххьана схьахезира цхьана кертара нохчийн къамелаш – бераш дара и мотт буьйцурш. Тхойша цецваьлла, вогIавелира тхойша воллучохь. Кхузахь муха хуьлийла ду нохчий! Оха юха а ладуьйгIира – иза баккъал а дара нохчийн аз!

Лохачу цIенна, аьлча а, лаппагIна тIехкочу тхо. Керта довлу, со хаьлха, суна тIаьхьа Эрка а волуш. "Салам Iалайкум! " олу ас. Бераш цIеххьана совцу ловзуьчуьра, шаьш доллучохь лаьтта догIийна, тхоьга а хьоьжуш. ЛаппагIа чуьра арайолу йоккха стаг, хотту берашка нохчийн маттахь: "ХIун хилла, шу ма дIасевци? ХIун деана вайга?"

ТIаьххьара а го тхойша цунна. Ас "Де дика хуьлда хьан, йоккха стаг! - олу"

Зуда, бераш а санна, ша йоллучохь лацало, юха тохало, маьхьаре йолу: "АллахI! Йа АллахI, хIара ма тамаше хIума ду, кху итт шера чохь шу бен дац-кх, нохчий мотт а буьйцуш, кху керта девлла! Шун мичара девли? Стенгара кхечи? Хьенан ву шуьша?"

Йоккха стаг тIейолало тхоьгахьа, мараоьккху, куьйгаш хьоькху цо, хьоьсту со а, сан доттагI а, йоьлху, йоьлху. Сан коч тIадало цуьнан бIаьрхих. ЧIогIа эргIадъяхана, йоьлхуш хьийза иза. Суна бIагор хьаьвза цуьнгара йолучу йовхонах. Со дуьххьара сайн дахарехь вужу оцу йовхонна чу – ненан куьйгаш хетало цо сайна тIехьоькхурш… Джамбул-махкахь чан да велира юьхьанца, ши де яьлча елира нана. Амма суна уьш дага ца богIу, церан кешнаш бен ца догIу дага – ас а, сан вашас а Iуьйрана сарралц, церан догIмашна тIе ца кхачийта, чхьаьвригех, моьлкъанех лардина ши каш.

Цо юха а маравуллу, кхин а чIогIа йоьлху. Боху кхо: "Вай, ас жима волуш кху сайн куьйгаш тIехь лелийна ма ву хьо! "

Йоккхучу стагаца цхьаьна велхаволавелира со.

Дера ван шуьша могуш-маьрша, шуьша хьенан ву?

ЦIейоккху ас сайн ден, олу, Гермачикахь аьчка пхьар вара иза. Дуьйцу тхаьшшиъ муха кхаьчна юьрта.

Келимат яра цуьнан цIе. Сан цIе хотту цо, ас боху: "Хьусайн ву со". Цо юха а маравуллу, кхин а чIогIа йоьлху. Боху кхо: "Вай, ас жима волуш кху сайн куьйгаш тIехь лелийна ма ву хьо! "

Куьг хьажадо луларчу цIийнан агIор: "Иза ю-кх хьан нана а, цуьнан да-нана а даьхна керт. Хьо жима вара цо кхуза кхуьйлучу хенахь. Гуьбарчик санна бер ма дара хьо, массарна а дукхавезара".

Юха а елхар дуссу Келимате. Сов а воьлху цуьнца цхьаьна.

ТIаьххьара тхо меттадаьхкича, чукхойкху йоккхачу стага. Юха чуьра арадоккху лоха текх, хIусамехь яа мел ерг юьллу цу тIе. Тхо хевшина Iа, къамелаш до дехха.

Сох со карахь лелочу хенахь "Къакъа" олура боху Келимата. Ас суо вина керт гайтар доьху. "Вуьрг ву ас цига", - олу цо.

Тхо довлу кхачанах кхетта, тIаккха йоккхачу стага, дехьа-сехьа а хIоттавой, куьйгаш а лоций, вуьгу со а, Эрка а со вина керт гайта. Цулла-сара буцуш йинчу керта хьалха совцу тхо, дехха лаьтта ринже а хьуьйсуш. Келимата ков-кертах, сан дех а, ненах а лаьцна дуьйцу.

Ас мохь туху: "Цхьа а вуй чохь?"

Цхьа стаг араволу. Хотту: "Шу муьлш ду?"

"Со хIокху ков-кертан да ву" – олу ас.

Стаг ша воллучохь вогIало.

Ас аьнгалин зIока йоьху зудчуьнга, цо сихха йохьу, ас латта дуьллу цу чу, Iодика а йой, тхо дIадоьлху.

Юьртарчу колхозан куьйгалхо хилла иза. Ша делкъе ян чувеана балха тIера, олий, керта кхойкху тхо. ЦIа гойту суна, тхов боьхна бара, ша иза тобина, боху. Хьоьжуш Iа со: дIогахь кибирчик яц, эццахь пен пенах херлуш бу – шийла хIусам ю-кх.

Кертахула, бьешахула волало со, да-нана хилла-кх сан, хIара латта хьешна-кх цара, ойла хьийза коьрте.

Цхьа зуда арайолу цIа чуьра. Иза шен зуда ю, боху стага. Боху, ша балха тIе ваха веза, кертах бIаьргтоха пурба ло тхуна, дIавоьду. Соьга тхан доьзалан кертара латта дан аьлла сан Гурьеверчу гергарчара. Ас аьнгалин зIока йоьху зудчуьнга, цо сихха йохьу, ас латта дуьллу цу чу, Iодика а йой, тхо дIадоьлху.

Бетишев Хьусайнан тIамо дохийна ков. Карара хан

Келимата ша йолчу юхавалийра тхойшиъ. Цхьана хенахь Закри цIе а йолуш, Дуьненан хьалхарчу тIаьмехь дакъалаьцна зIаьIапхо, гIумки ваьхна юьртахь. Йоьзапхьар хилла иза, пхьегIаш еш, Iамийна шена нохчийн мотт, воьлла кхузарчу гIиллакхех. Наха цуьнга маре елла шайн йоI, нохчо Келимат. Иза ца яьккхина махках, гIумкичуьн зуда хиларе терра.

Суьйре яра тIегIерташ. Оха боху Келимате, тхо дIаха деза, тренере делла дош доходойла дац, Соьлжа-ГIала ваха веза тхойшиъ. Иза-м яцара хаза лууш а. Тхо кхийтира дехарш дан эрна дуйла, дисира цьаргахь буйса яккха.

Синкъерам бира тхуна йоккхачу стага, кхайкхира Гермачик-Мостовая юьртара гIумкийн мехкарий, кегийнах. Хаза яьхьира оха и суьйре. Массарна а хетара тхойшиннах къа, хоьттура Казахстанерчу дахарх лаьцна.

Келимата къадоьхуш хезна, самавелира тхойша. ХьалагIевттира, арадевлча, цецлилхира: керт, дерриг а урам, баккъал а, дерриг урам даьккхина юьртара нах лаьттара. Сахьташкахь лаьттина хиллера уьш тхойша ган.

Новкъавала тохавелира со а, Эрка а. Келимат елха йолаелира юха а, мараетталора, халла дIахийцира тхойша. Тхо ураме девлира, нах цецбуьйлуш хьуьйсура тхойшинга. Церан дукхалла муха яра аьлча, яра сой, Эркий дIаваха гIортарх, чекх а а ца валалуш.

Келиматан нуц вара Ваха цIе йолуш. Цо шега дIаийцира Келимата тхойшинна кечйина кхачанан ларч, дехха дийхира нахе дIасахилар, тхойша дIавахийтар, уьш меллаша дIасатевIира, чекхдовлийтира тхо. Ца хьавира тхойша цхьаммо а, муьшка а ца йира. Церан бIаьргаш чохь цхьаъ дара дешалуш: хIорш бу-кх хIорш, халкъан мостагIий, ерриг а пачхьалкхан мостагIий!

Тхо чекхдевлира наха, клуб лаьттачу юьрта юккъе кхечира. Цигахь "полуторка" яра тхоьга хьоьжуш лаьтташ – Вахас дехна хиллера тхо Соьлжа-ГIала охьакхийсар. Оцу машена а хиина, тхойша дIавахара.

Ас а, Эркас а ойлайора, муха ала деза тренере тхаьшшиъ стенна хьевелира, дийцира цуьнга тхаьшшимма лелийнарг, сан децIа тхаьш кхачарх лаьцна. Иза тхох кхийтира, дов а ца дира.

Турнир йирзира тхойша декъахь а воцуш. Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь юха а "кукурузник" чу а хевшина, Гурьеве дIадахара тхо.

Депортацех болу дагалецамаш иэсехь бехаш белахь, шина тIамах долу тоьшаллаш Iохку церан бешахь

Тобанашкахь оьхура нохчий а, гIалгIай а тхойша волчу, тхо ХьаьжцIара юхадаьхкича санна. Юха-юха хоьттура хIораммо а ДегIастах лаьцна.

Цул тIаьхьа со а, Эрка а Гурьевехь мел хIуттучу тезета, мел хуьлучу ловзарга кхойкхура нохчаша а, гIалгIаша а. Тхойша, ши бер-тIорз, веза хьаша вой, кхойкхура наха шайга. ХIоразза а Нохчйчу тхойша вахарх лаьцна дийца дезаш хуьлура дехха.

"ТIеман музехь" Бетишевн бешахь

Массо а хIуманал еза хилара оха даймахкара латта чохь еана аьнгалин зIока. Ши пIелг вовшахтосий, цу чу бохуьйтура хIораммо а, тIаккха бета тIе хьой, барт олура лаьттах. Наха шайга буьйса яккха а хьора зIока, Iуьйранна ма-ярра схаьйохьура. Латта хIоразза а хуьлура цинц эшна доцуш – иза дешел деза дара, кху дуьнентIерачу массо а хIуманал деза дара, дацара иза лачкъадойла, къайладоккхийла.

***

Тахана 80 шо гергга ду Бетишев Хьусайнан. Депортац лар доцуш, ши тIом а лайна цо. Шен цIинйненаца веха иза хIусамехь. Дукха а жайнеш а доьшу. Уггаре коьрта жайнеш а ду цуьнан – КъурIанний, Шекспиран книгашший. Депортацех болу дагалецамаш иэсехь бехаш белахь, шина тIамах долу тоьшаллаш Iохку церан бешахь, цунна ца лаьа царех шен дакъа мукъадаккха: минанийн гаьргаш, йоккхачу тоьпан хIоьънийн дакъош. Стаг билггал цецвоккхуш ду цуьнан кертан ков, цо иза хийца а ца хийцина кху 20 шера чохь – тIамо ша биц ца байта санна, цаца бина лаьтта ков. Вевза-везачо олу, ма даккхахьара ахь и ков, и тIеман тоьшалла, гучуьра, ткъа шаьш, Хьусайна ма-баххара, "тоххара яйъина шайн керташкара тIеман ларш, я дина керла цIенош".