Урдунерчу нохчаша онлайн кепехь дIадаьхьна дагалецарш
Your browser doesn’t support HTML5
Урдунехь дуккха а зама ю нохчийн Чилла-беттан 23-чохь даймахкарчу шайн къомо хьегна депортацин бала дагалаца гулло а, беллачарна тIера сагIанаш дохуш хьаьвза а. Амма кху пандемин муьрехь мегаш дац пачхьалкхехь нахана ткъаннал сов гулбала. Цундела, онлайн трансляци а еш, готтачу гонехь гулбелира Сухнерчу синмехаллийн цIийнехь нохчий – цаьрца доIанаш деш, лелларг дагалоцуш бара социалан машанашкахула зIенехь ерриг Урдунера а, Европера а дукха нах. Зама чолхе йоллушехь, ца севцира уьш юьстах кхушара а.