Палтуьйсучунна а, цуьнан цIийндена а йиттинарш лецна ГIалгIайчохь

Палтуьйсучунна а, цуьнан хIусамдена а Магасехь йиттина аьлла хеташ ши стаг лаьцна ГIалгIайчохь полисхоша.

"Карарчу беттан 20-чохь полицига хаам кхечира телефонехула, Мальсаговн урамехь муьлш бу ца хуу нах леташ бу аьлла. Цига дIакхаьчначу талламан-оперативан тобана гучудаьллера цабевзачу наха, ВАЗ-21114 машенан номерш хийцина баьхкина, йиттина хилар меттигерчу 60 шаре ваьллачу стагана а, цуьнан 40 шо долчу зудчунна а", - яздо "Интерфакс" агенталло, меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамех пайдаэцна.

Дарбан цIийне кхачийнера зуда, лоьраша оьшу дарба а дина, кхин дIа цIахь тергонехь латто, дIаяхийтинера иза.

Лаьцнарш бу Наьсарара 29 шо долу яхархо а, ГIази-Юьртара 37 шаре ваьлла стаг а. Шаьш динчу зуламах мукIарло дина хиллера цара.

Чиллан-беттан 20-чохь Маршо Радионо яздира ГIалгIайчоьнан Магас шахьарахь муьлш бу ца хуучу наха йиттина шайн махка еанчу зудчунна а, цуьнан хIусамдена а, цул тIаьхьа церан машенна герзаш диттина, аьлла. Хаамийн гIирсаша яздарехь, юьйцург хиллера кхечу махкара еана гоьяьлла "палтосург".

"Мальсаговн цIарахчу урамерчу тIекIелдинчу цIенна герга веана хилла ВАЗ-2114 машенахь масех стаг, деш хилла къамел девне дирзина церан. Оцу цIа чохь петар лаьцна хиллачу зудчунна а, стагана а етта буьйлабелла уьш. Эххар а церан машенна тIе герзаш диттина", - хаам бира "Интерфакс" агенталло, шайн хьосташна тIетевжина. Церан информацица, зуламна бехке хила тарло, холмачалла лелочу нахаца къийсам латточу юкъаралла боламан декъашхой.

Кху беттан 18-чохь Маршо Радионо хааме даьккхира, рогIера "хIумахуург" – Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштара яхархо Долуева Зина – Iораяьккхарх "Грозный" телеканалан эфирехь. ТIехьийсийна камераш а йолуш, Долуевас шена къинтIерабовлар дехнера нахе.

Долуева Iорайоккху, цунна довдира эфирехь Соьлжа-ГIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, мехкан шахьарачу "Нохчийчоьнан Дог" маьждиган имама Эльжуркаев Адама.

"ХIумахуург" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а. Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.

Кавказ.Реалиица оцу темин хьокъехь къамелаш динчу бакъоларъярхошна гарехь, тоталитаран режиман башхаллех ду "хIумахуург" Iорабахар.