Кадыровн резиденцех лаьцна дийцина Соьлжа-гIаларчу футболан клубехь левзинчо

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубехь ловзуш хиллачу футболхочо Омельянчук Сергейс "Матч ТВ-н" эфирехь йовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIаларчу резиденцин башхаллаш.

ТIаьхьо "Ахмат" аьлла, Кадыров Рамзанан ден хьомара цIе хийцинчу "Терек" тобанехь левзина Сергей 2008-2012-чу шерашкахь. Ша Соьлжа-ГIала а йоцуш, цигара мехкан куьйгалхо веха хIусам дагахь лаьтта цунна, яздо "Каспаров.ру" сайто.

Омельянчука дийцарехь, церан клубо "Сатурн" тоба эшийча, толам базбан бигна хилла "Ахмат" клубан футболхой Кадыров волчу хьошалгIа.

"Дуьххьара цига кхаьчча, цецволу. Массо а хIума дика дIатардина ду, ха, баккхий барамашкахь дерриг а. Вуно дукха акхарой, говрийн божалш, жIаьлийн тайпанаш, ча. Шатайпа зоопарк ала мегар долуш. Бедаш чохь лела боккха Iам", - билгалдоккху футболхочо.

Футбохой кхайкхинчу дийнахь резиденцехь эшарш лоькхуш хилла артисташ Нарцисс Пьер а, "Тутси" тоба а, Зверев Сергей а, дагалоьцу спортхочо.

  • Кеп-кепара йолчу информацица, резиденцин гIишлош еш а, уьш кечъеш а 2012-чу шарралц йолчу ханна дайъина 10 млрд сом. Беза мах бу цигахь дахаран хьелаш латториг а. Масала, масех бутт хьалха резиденцехь шарахь цIано латто аукционехула кхайкхийна мах бара 58,2 млн сом.
  • Кадыровн Соьлжа-ГIаларчу резиденцина тIехула даьхна суьрташ довзийтира 2019 шарахь Сибрехарчу фотографа Степанов Славас. ГIопан кепехь йина ю хIусамаш, гонаха лаьтта жил-Iаламан, коьллийн, зезагийн майда, хин татолаш.