"Хаза тоелахь". ХIун мах бу Кадыровн бешмайданан?

Кху шарахь бюджетера 40 миллион сом ахча хьажийна Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун администрацин а, цуьнан гIуллакхаш луьстучу урхаллан а, министрийн кабинетан а гIишлошна хьалхара баьццара зона цIена латтон.
Оццул ала мегар долуш харж йолу хIора шарахь цу гIуллакхашна лерина.

Кхин кIезиг ахча дац регионан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденци латториг а.

Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а Iедалан цIарах оьшург эца хIиттон контракташ дуьстира Кавказ.Реалиис.

Къилбаседа Кавказерчу налог токхучу нехан ахчанах 40 миллион - кхин дIоггара дукха ахча а дац билгалъяьхна гIишлошна гонах бай тобан, зезагаш дегIа а оьшу. Делахь а, дукха хьолахь, оццул ахча дойъу юкъара зонаш тоечу заманчохь - паркаш, футболан майданаш, цIеношна гергара дозанаш а.
Вуьшта аьлча, регионан хIора а урхалхочун долахь яц элите газонаш а, зоопаркаш а йолу резиденци.

Пачхьалкхан хьукматаш а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденци а

Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайтехь яздарехь, нохчийн Iедалхоша 2017-чу шарахь Рубежная, Тбилисская урамашкарчу "административан комплексна", вуьшта аьлча, Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденци аьлча дика евзачу меттигна уллора баьццара зона кечйийриг 42 миллион ахча дайъира.

Оцу ахчанах белхахой декхаре бара мангал тоха а, бацалахь асар дан а, ораматашна хи тоха а, дукха шерийн ораматаш нилха даха а, нехаш дIалахьо а.

Тептарехь уггар а дезаниг дара - газонна хи тохар (900 эзар сов сом).
Ткъа 2018-чу шарахь Кадыровн резиденцин кертара а, гонахара а ораматаш карладохуш, мел лахара а, 34 миллион сом дIадахара. Официалан зерашца, ши белхало бен воцу, ООО "Флора" ю цигахь Iуналла дийриг.

Резиденцехь цIано латторна шен мах бу: 2020-чу шарахь 52 миллион сом дара, Соьлжа-ГIалара "Заря" фирма яра хIетахь болх бинарг. 2021-чу шарахь тендер кхайкхийра 58 миллион сом билгалдоккхуш.

Ала дашна, кхечу пачхьалкхан урхаллашкахь, дийно сарралц горгамаш а, нораш а хьоькхучу зударийн алапа ду 12 эзар сом (шарахь хуьлу и 144 эзар сом).

Iедалан гIишлойн территорешкахь баьццара зона кечйийриг 2017-чу шарахь 40 миллион сом делира, 29 миллион дара 2018-чу шарахь дайъинарг, стохка 39 миллионе делира.

"Гуш ду, оццул долчу ахчанах масех меттиг кечбар, иза барамехь доцург ду, - дуьйцу юристо Янгулбаев Абубакара. - Цу ахчанах йоллу гIала цIанйойла дара, амма кхузахь юьйцург административан ши гIишло ю, Нохчийчуьрчу лаккхарчу даржашкахь болчу нехан карахь йолу".

Лаамза дац аьлла хета Янгулбаевна, Iедалхойн офисаш цIанъян хIора шарахь "Флора" фирман кхаж балар а.

"Шайна са эцархьама, документашца харцо ю цигахь лелош. Оцу тайпа коррупцин схеманаш шайн тешам болчу, евзаш йолчу, уггар а коьрта, хIора шарахь конкурсашкахь толамаш бохучу а, ахчанашца гранташ кхочучу а фирмехула лелийча гIоле ду", - аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел динчунна.

Дустар далийча: Карарчу шарахь Ставрополерчу экономикан министраллан офисан чоьнаш а, цуьнан территори а латтон хьажийна цхьа миллион сом.
Интересе ду кхузахь, Кадыровн резиденци кечъеш дайинчу ахчанах ХIинжа-ГIалара Советан кIоштан цхьа могIа керташ цIанйойла дара (2021-чу шарахь 43 миллион).

Резиденцина шина шарахь хьажийна ахча тоьар дара Кисловодск йоллу гIала сенъян (100 миллион гергга сом 2021-чу шарахь).

Деа шарахь резиденцина дайъинчу ахчанца йоллу Соьлжа-ГIалара нах бехачу меттигашкара территореш кечлур яра (164 миллион сом хьажийнера стохка оцу хьашташна).

Шена а, нахана а

Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкахь дукха хьолахь "Iедалхойн гIишлошна уллора меттигаш сенъечу меттана, пачхьалкхан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайтехь язйина хуьлу гIалин администрацешна гергара паркаш тояр.

Ахча адамийн дуьхьа, церан аьттонна, цаьрга пайдаэцийта лаарца хьажадо.
Масала, Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарахь юкъахь пайдаоьцучу дозанех къаьсттина дукха харж ийшира БуьритIеррчу администрацина уллорчу Юккъерчу Хетагуров Костан цIарах парк тоян. 2018-чу шарахь 70 миллион сом ийшира оцу паркна реконструкци ян.

Ткъа Кхарачой-Чергазийчохь дукха хьолахь язйина хуьлу "Зеленый остров" цIе йолу, Черкесскан мэрина гергара парк. Иза латтон юккъерчу барамехь оьшу хIора шарахь 15-16 миллион сом. Цигахь бечу белхашлахь уггар а дукха ахча дIаузу - бошмашкахь нораш хьекхарна, 4 миллион сов ахча оьшу оцу гIуллакхна. 3 миллион соьмана зезагийн хаьснаш доху.

Ставрополан кIоштарчу Зеленокумскан юккъехь, администрацина уллохь, ораматаш дуьйш, тодеш, цигахь цIано латтош дойъу ши миллион сов ахча

Хала ду ала, Нохчийчохь 40-50 миллион сом а дойъуш, кечйинчу Кадыровн резиденцехь, паркехь санна, могIарерчу массо а нехан дIасалела, садаIа йиш хилча, боху Америкерчу талламчийн Jamestown Foundation организаци юкъарчу Къилбаседа Кавказан аналитико Дзуцев Валерийс.

"Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а политикан режим мел а демократе йирзича, хила тарлора маьрша,- кхетадо Дзуцевс, Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. - ХIаъ, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире арз дойла ю Кадыровна, де-факто аьлча, шен куьйгакIел волчу цуьнга ала тарло цо, нахана садаIа цхьайолу зонаш схьаелла аьлла, амма уьш йоьллур яц цара".

Бюджетера дойъучу ахчанех дерг аьлча, экспертна хетарехь, гIоле дара и ахча социалан хьашташна хьажийча.

***
Бюджетера даккхий ахчанаш Нохчийчохь цIано латтон хьежийна ца Iа. Мел лахара а шарахь 200 миллион сом долу Кадыров Рамзан Iалашвеш. Оцу ахчанах Росгвардин 400 сов белхахочо Iалашво иза а, цуьнан хIусамаш а, резиденци а, цуьнан доьзалан долара цIенош а.

Низамашкахь бакъо ю Кадыровн шена а, шен нанна а, доьзална а ха латтон.

Иштта шайна леринчу Керлачу шеран барамашна а хьийсадо бюджетан ахчанаш "шахьарийн" дайша. Масала 2019-чу шарахь"той" а, "даздаран концерт" а хIотториг мехкан куьйгалхочун администрацино а, министрийн кабинето а дайира 6 миллион сом ахча.

10 миллион сом билгалдаьккхира стохка мехкан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах дешех а, дезачу тIулгех а мидалш а, орденаш я яйта.