Нохчийчоьнан Iедало пенсионераш пенсех бохур бу, нагахь санна цара шайна "Спутник V" вакцина ца тохийтахь, аьлла аудио яржийначу ГIойтIарчу вахархочо шена къинтIерабовлар дехна официалехь.
"Ас оцу къамелехь хьаштдоцург дийцинера. Гергарчаьрга а, накъосташка а, махке а сайна кIинтIерадовлар доьху ас. Цхьа а вац сан пенси дIахадо лерина. Вакцина тохийтахь а, я ца тохийтахь а, шайн пенсеш массарна а ду лур долуш. Со чIогIа юьхьIаьржа ву", – аьлла ду "Кавказский узело" далийна цуьнан дешнаш.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьрчу 27 эзар гергга бахархошна коронавирусан уьнна дуьхьал мехий диттинаИ къамел пенсионеро шеггара дина я цуьнга ницкъаша дайтина, хууш дац. Цо и къамел ден видео яржийначул тIаьхьа шайга республикехь ницкъаша вакцинаци яйтина хиларх тоьшалла ден нах бевлла интернетан нохчийн сегментехь.
"И цхьа воккха стаг вац иштта дийцинарг, цхьана хьаькамо-зудчо а бохура и саннарг шен белхалошка. Балхара дIабовлича а бевр бац уьш мехий тохийтарх хьалха, элира цо. Балхах мукъабовлахь, пенсеш а сецор ду, бохура", – яздина цхьана комментаторо.
"Аш стенна юьйцу воккхачу стаге харцо? Цо бакъдерг аьлла. Хьаькамаша боху: я мукъадовла балхах я вакцина тохийта", – аьлла ду "Кавказский узело" далийна кхечу комментаторан дешнаш.
- Официалерчу терахьех тоьшийла делахь, Нохчийчоь ю Оьрсийчуьрчу регионашлахь коронавирусо уггаре кIезиг дараш динчийн могIарашкахь. Оцу юкъанна Росстато далийначу терахьаша гойту 2020-чу шарахь махкахь хьалхасчу шерашкахьчул вуно дукха нах белла хилар, оцу тIехь Нохчийчоь лидер хилар.
- Чиллан-бутт бовш Нохчийчуьрчу Iедало 129 клиника дIакъевлина махкахь - цара беттанашкахь харц кехаташ луш хилла наханна цаьрца коронавирус яцарх тоьшалла деш.