COVID-19 ун 5G серий доцчу (Wi-Fi технологи) машанехула даьржа бохучух тешаш болу Оьрсийчуьра юкъараллин жигархой арабевлла бу мобилан зIенан чардакхашна тIехь йолу коьчаллаш йохош, керланаш ца хIитта йойтуш а. Духьалонн акцеш хилла оцу хьокъехь Къилбаседа Кавказехь а. Амма мобилан зIенан компанешна 5G бахьана долуш сагаттадан бахьана ца го. МикротулгIенан пешан йолчул а кIезиг ю 5G станцеша луш йолу радиаци, ткъа мобилан зIенан чардакх цIанна герга мел хуьлу а, иза кIезиг хуьлу, чIагIдо цара.
Къилбаседа ХIирийчохь цхьана шарахь шозза – Ногир а, Мизур а ярташкахь – дагийна мобилан зIенан чардакхаш, 5G зIе хиларна кхоьруш. Дагестанехь оцу кепара станцеш яхкарна дуьхьал митингаш хилла Новогеоргиевкехь а, Керла Черкейхь а, ХIинжа-ГIалахь а, Ашага-Сталахь а. Цу кеппара дуьхьалонан акцеш хилла Кхарачой-ЧергIазийчуьрчу Черкесскехь а, Усть-Джегутехь а, ткъа иштта Зеленчукская станицехь а, Кубанерчу Армавирехь а, Ставрополь гIалахь а.
Мобилал зIенан антенна уллехь хиларх кхера оьшуш дац
Оцу юкъана 5G мобилан зIенах коммерцин кепара пайда оьцуш бац Къилбаседа Кавказехь хьовха, цхьана а Оьрсийчоьнан регионехь а. Иза зеран зонаш ю кхоьллина цхьацца яккхийчу гIаланашкахь.
"Базан станцина гена мел ву абонент, цуьнан телефоно алсам энерги йойъу цуьнца зIе латто, цундела, кхеташ ма хиллара, электромагнитан радиацин тIегIа а лакхара хуьлу. Ткъа мобилан зIенан чардакх уллехь мел хуьлу а, дика хуьлу сигнал, лахара хуьлу радиацин тIегIа. Цундела мобилал зIенан антенна уллехь хиларх кхера оьшуш дац. Цхьа а кхерам бац цуьнгара схьаболуш, зIе дика хилар а бен", - дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте "МегаФонан" зорбан сервисехь.
Кхузаманахьлера технологеш юкъаяхарна саготта бу НАФИ аналитикан центро 2019-чу шарахь бинчу талламехь дакъалаьцна 38 процент Оьрсийчуьра бахархой
5G чардакхаш – уьш механа еза технологи ю. Масех миллион сом мах болу объекташ яр бахьана ду зIенан дикалла а, интернетан сихалла а латтор, цунах пайда оьцуш болу нах дукха хиларна, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица шен хиллачу къамелехь Краснодаран махкарчу МТС станцин директора Ласкавый Сергейс. Цуьнца цхьаьна 5G массанхьа а хилийта план ю шайн, бохуш вара иза.
5G мобилан зIенна дуьхьа бу цхьаболу дуьненна а бевзаш болу юкъараллин жигархой а, актераш а, Iилманчаш а. Масала, литературехула Нобелан совгIат делла йолчу Алексиевич Светланина хета оцу технологина Iаткъам бийр бу аьлла адаман иммунан системина.
Кхо эзар сов стагах лаьтташ ю 5G зIенаца низамашца къийсам латто дагахь йолу "ВКонтакте" социалан машанехь кхоьллина "Убрать сотовые вышки от домов!" (ДIадаха мобилан зIенан чардакхаш цIеношна уллера) юкъаралла.
КХИН А ХЬАЖА: Сим-карта + ФСБ. "МостагIий вайн телефонаш чу ца бийлийта"Кхузаманахьлера технологеш юкъаяхарна саготта бу НАФИ аналитикан центро 2019-чу шарахь бинчу талламехь дакъалаьцна болу 38 процент Оьрсийчуьра бахархой. Царах кхоалгIа дакъа тешна ду инновацеша кхерам бохьуш хиларх. Дуьхьал болчу нахана юкъахь дукхаха берш бу зударий а, ярташкара бахархой а, пенсионераш а, тIедогIучу рицкъан барам лахара болу нах а. Царнахета тIаьхье дика хир яц аьлла терахьашца йоьзна тенологеш лелоран.
"Иза кхето мегар ду терахьйин технологех лаьцна нахана хуург ледара хиларца а. Уьш наггахь цакхета хIунда оьшуш ю шайна терахьийн технологи, муха гIо дийр ду оцу технологино хIора денна долчу дахарна бохучух. Цуьнца цхьана мехала ду технологеш юкъаяхарца а, кхиорца а бахархойн царах лаьцна долу хаарш алсамдахар а", - боху НАФИ аналитикан центран векало Лейсан Баймуратовас.
Iилманца йогIуш йоцчу фейкашца къийсам латто беза, иза ца дахь "халкъ дахаран хьелашкахь оьшуш йолу техника хIаллакъян долалур ду, цу чохь хиъна Iаш шайтIа ду бохуш", хета Антропогенез.ру интернет-порталан коьртачу редакторна Соколов Александрна.
"Мифаш дицлуш Iедал дац, адамаш кхерарх пайда оьцу тайп-тайпанчу куьг цӀена доцучу наха", - элира цо Кавказ.Реалиица къамел деш.
Дерригдуьненан могашалла ларъйон вовшахтохаралло дийцарехь, электромагнитан Iаткъам вуно лахара бу ур-аттал кхузаманахьлерчу гIаланашкахь а. Делахь а, цомгаш воцучу стеган могашалла теллича гуш ца хуьлу и Iаткъам жимма а хаалуш хилар.
"Оцу Iаткъаман лар цахиларо гойтуш ду иза баккъалла а цахилар. Амма оццу кепара иза хила тало вайн талламан кепаца иза каро аьтто ца хилар а. Цундела дацаран жамIаш мелла а кIезиг тешош хуьлу, ондда гуш а лолуш жамIаш ца хилча", – аьлла ду Дерригдуьненан могашалла ларъйон вовшахтохараллан сайта тIехь.