Бегашна шен накъосте ватсапехула хаам бахьийтинчу Нохчийчуьрчу вахархочо шена бехк ца биллар дехна нахана хьалха дIа а хIоьттина. Оцу хаамехь цо аьлла хилла, Соьлжа-ГIалахь маларш ца моьлуьйтуш, дуьхььало латтийна полисхой лецна аьлла.
"Заводскойн полицин декъе еана Москвара спецназ. Йоллу гIишло юкъа ерзийна. Цхьа кега-мерсачу хIуманна тIехула лецнарш, масала, къаьркъа мелларш - маьрша бохуш бу. Маларх кхеттера аьлла, нах леца бакъо яц шун, боху. Полисхой а цхьана бу лоьцуш. Хьайнна луъчу метте дIа а гIой, къаьркъа схьа а эца, хьайна луъург леладе аьлла, бакъо елла-кх цара", - боху бале яьллачу ауди тIехь нохчийн маттахь къамел дечо.
Шега кхаьчна аудиохаам накъоста кхечунна дIатесна, иштта махкахула яьржина, чекхъяьлла иза. "Грозный" телеканална хьалха оцу шиммо а нах шайна къинтIера баьхна.
Аудио дIаяьхьийтинчо билгалдаккхарехь, ишта бегаш бан дага деара цунна Охан-баттахь, Шейх-Мансуран кIоштахь керла некъ схьабоьллучу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIасалелар совцийначу хенахь.
"Хьасан маларх кхеташ волу дела, цуьнца бегаш бан ойла хилира сан. Иштта цуьнга дIахьажийра ас и аудио. Бакъдерг аьлча, Iовдал забар ю иза", - аьлла, дIахьедина цо, бехкала вахна.
КХИН А ХЬАЖА: "Оха цхьа а ца во республикера дIаваха декхаре"Шега кхаьчна аудио кхин дIа яржийначо боху, и забар юйла хиира шена, нах кхетар бу-кх оцу бегашах аьлла, яржийра ша.
"ДIаяьккхина хилла елара ас и аудио, цхьанна дIайохьуьйтучул а, - боху шолгIачо видео тIехь. - Аьшпаш баржийна. Тахана сайна а, кхарна а сингаттам баьккхина. Ницкъаллийн структурашкарчу белхахошна а вас хилла цуьнах, кхи ца далийта чIагIо йо, цундела къинтIера довлар доьху ас".
Маршо Радионо ма-яздарра, Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь кест-кеста гойту нах къинтIера бохуш видеорепортажаш. Кху шарахь сюжетийн турпалхоша, доккхачу декъана, гечдар доьхура "бозбуанчалаш" лелорна, бертаза вакцинаци еш ю бохуш, даржорна а, вийначу полисхочух а.
Нохчийчуьрчу бахархой "аьшнаш бен" видео терго йина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь.
Талламчийн авторша хьехна Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.